ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь юха а дина терроран тохар


Германи - Ансбахехь терроран тохар дича.
Германи - Ансбахехь терроран тохар дича.

Немцойн полицино дIахьедина, Ансбах гIалахь ша а оьккхуш, 12 стаг лазийна стаг, Шемара веана тховкIело йоьхуш хилла мухIажир, экстремист лору ша, аьлла. DPA агенталле и гIала шен декъахь йолчу Баварерчу кIоштан полицин буьйранчас Германн Иоахима, «халахеташ делахь а, иккхинчо динарг терроран тохар ду, иза алссам нах байа араваьлла а хилла», - аьлла оршоьтадийнахь.

КIиранан сарахь арахь эшаршлоькхучийн фестивал йоьдуш, цунна гена доццуш, аьчка кескех буьйлина букътIехь лелабе тоьрмиг а оьккхуьйтуш вийна ша 27 шо долчу шемахочо. Полицино дийцарехь, дуккхаза а, кхетамца эшна хиларна, дарбанаш лелийна ву иккхинарг. Цуьнан цIе ца йовзийтина цкъачунна.

Ансбах гIалин прокуроро хьалхе лору тIелатар цо хIун Iалашонца дина тида. «ХIинца спекуляци лело мегар дац иза бусалба террорхо ву бохуш, къастор ду талламо»-, аьлла меттигерчу администрацин пресс-гIоьнчас Шротберг Майкла.

Германи ладегIамехь ю кху тIаьххьарчу деношкахь массех и тайпа зулам махкахь эккхарца доьзна.

КIирандийнахь кхечу гIалахь, Ройтлингенехь, урс диттина зуда йийна, шина стагна чевнаш йина полицино ша лацале кхечу шемахочо. Мюнхенехь

18 шо долчу гIажарийчо пIераскана тапча йиттина вийна 9 стаг.

Ткъа кIира хьалха диг а , урс а карахь Пакистанера веана тховкIело йоьхучу 17 шо долчу жимчу стага цIерпоштачохь лазийна пхи вахархо. Хиламех лаьцна алсамо хезар ду шуна кху тхан программехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG