ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь нодуляран дермотит, 300 сов бежана а леш яьржина цамгар, юхайолуш ю боху цхьацца хьостанаша. Ткъа иза чу ца кхачийта хIун дира, я юхайоккхуш хIун дина?

Даьхний кхобучу бахархошна даккхий зенаш деш,Iожаллин геланча а хилла,чекхъяьлла махкахула нодулярный дерматит я кожаная бугорчатка олу цамгар.

КарабогIучу марс хьокхучу баттахь шо кхочу иза дуьххьала Нохчийчохь хааелла. Официалан,лаккхарчу тIегIан маьхькIамхоша мукIарло дарца махкахь цу цамгаро сиркхо динарг 5 эзар гергга бежана ду,царех кхо бIе гаргга делла.

Бакъду бахархоша чIагIдарца цу цамгарх делларш хаъал сов хир ду.

«Еккъа тхан цхьана юьртахь делла 35 сов бежана. Наха шайггара хетарехь молханаш лелийна а делла, кхоьбанаш ю бохуш хан ялийтарна дIатекхийнарш а ду. Еккъа кху Теркаца дIатарьеллачу ярташкахь делла хир ду мел лахара а 400-500 бежана».

И къамел динарг ву шен цIе йоккхийла ца лиъна Новр кIоштера бежнийн лор. Кху шина баттахь ялхош лаьтта и цамгар бахьнехь юкъараллехь вуно лахделла жижиг эцар а.

Делахь а лазар кхетта жижиг а, кхин кхачанан сурсаташ а ца йохкийтарехь жоьпалле волчу лакхарчу тIегIан маьхькIамхочо Чукаев Адама чIагIдараца, лабараторехь теллина, могашчу бежана жижиг бен туькана гIопаста тIе кхочийла дац.

Мухха делахь а и цамгар къарьярехь, яйярехь, мел гIийла бохкучара а харж ца кхоош, дарбанаш леладайтина шайн бежнашна,партал Iаш Iедалхой а болуш. Нохчашлахь олуш ма –хиллара,и цамгар махкахула цIе санна кхарста йолаелча цхьа маха тухург лаххаре 500 сом а доккхуш, нана маре яхча санна самукъадаьлла хьийзина ветеренараш а,молханех шайн долург 100 соьие кхочуш ахча ца хиллехь а.

Карарчу хенахь махкахь дерматит цамгар хаъал юхаяьлла бохуш доху кхаьънаш мел бакъ ду хьажа сан къамел хилла аренгарчу кIоштан цхьана даьхний лоьраца. Дуьйцург данне а бехке хIума доццушехь цунна ца лира шен цIе йоккхийла.

Нохчийчуьрчу Новр,Теркйист кIошташца доза долуш ю,даьхний а,ялташ а кхиорехь зеделла ХIирийн мехкан Мазалк кIошт. Цу цамгаро эгадо даьхний бахьнехь хIинца цигарчу бахархойн рагI кхаьчна ладегIамехь мур бахьа а, дараш ца хилийта харж ян а.

Лораша а,шаьш наха а ечу къароца кIезиг масалш дац цигахь а бен-бечу ярташкахь даьхний дела Винограднехь а, Гуьчиган юрт олучу Кизлярехь а масала.

Цигахь а, Нохчийчохь а могIарерчу нахана Iедалера мел гIо хир ду, я билггал хир ду дацца а Iедалера хууш дац. И гIо хилахь а ца хилахь а, бегашена а доцуш даккхий зенаш хилла цхьаболчу бахархошна.

Деккъа цхьана официалан 300 бежана делла аьлла кхайкхийна терахь бен тергоне ца эцча а ду иза 12-13 миллион сом барамехь ахча.

Вуьшта аьлча 11-12 эзар пенсии оьцуш Iачу вахархочунна 35-40 эзар меха болу етта балар боккха бохам бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG