ТIекхочийла долу линкаш

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шена тIеэцна Францерчу Сент-Этьен-дю-Рувр гIаларчу килса чу а вахана шимма, урс хьаькхна мозIгIар вер а, шолгIаниг лазор а.

Ши зуламхо шайн эскархо вара аьлла даIишхоша. Францин президенто Олланд Франсуас а элира хьалхо, тIелеттачу шимма шаьшшиъ ДаIишехьа вуйла хаийтина, аьлла. Килса чуиккхинчу шимма закъалтехь кхабна 5 стаг. И шиъ вийна полицино. Церан карах велла мозгIар ву 84 шо долу Амель Жан.

ТIелеттарш цкъачунна бовзийтаза бу. Ватикано а емалдина и зулам. Оцу юкъанна юха а вон хаам кхаьчна Германера, Берлинехь университетан дарбан цIенна чохь герзаш ду дуьйлуш, лор вийна, тIелеттачо ша-шена тоьхна, аьлла. Билд газета ду хаам бинарг. Полицино иза терроран зулам дац, боху.

XS
SM
MD
LG