ТIекхочийла долу линкаш

Шемин къилбаседанерчу, Туркойчоьнна гена йоцчу курдойш Камышлы гIалахь динчу лелхийтаршкахь велла лаххара а 50 вахархо, иттаннашна чевнаш йина. Зулам шайна тIеэцна «Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобанаша. Меттигерчу бахархоша бинчу хаамца, молханах юьйлина машен эккхийтина гIалин йистехь. САНА агенталло тоьшалла до дуккха а цIенош дохийна хиларх. Изза дийцина Associated Press-на Камышли гIаларчу бахархоша. Курдойн милицица а, цуьнан агIончашца а тIемаш беш ю ДАIИШ хьалха дуьйна а.

XS
SM
MD
LG