ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сент-Этьенн-дю-Рувр ю хIинца йоьлхург


Герзана арсаш карахь долчу шина стаго Францерчу Норманди лаьттахь Iуьллучу Сент-Этьенн-дю-Рувре цIе йолчу жимчу гIаларчу килсанахь закъалтана нах лаьцна боху хаам шинари дийнахь делкъа хена баьржира. Кериста мозгIар а, килсан белхахо йолу ши зуда а, килсанахь ламазна чубахана болчу меттигера кериста дин лелочарах ши стаг ву талорхоша лаьцнарг аьлла бара и хаам.

ТIаьхьарчу кIирнашкахь дукха нах бойъуш, дукхачарна чевнаш а еш, масала доцу терроран тIелатар лайначу Францин урхаллин куьйгалла а, полисхойн баккхий ницкъаш а дIагулбелира цу жимчу гIала. Вахара цига иштта оцу сохьта Францин президент Олланд Франсуа а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Казнев Бернар а.

Хье ца луш къаьстинчу хиллачуьн сурт иштта ду. Ши стаг, хьахийна ма-хиллара, карахь даккхий арсаш а долуш чу иккхинера делкъа хан хуьлучу хенахь меттигерчу килсана. Цу чохь цу хенахь нисвелла мозгIарий, кхин диъ адам шайн ницкъе дерзийначул тIаьхьа цхьана зудчуьнна- мозгIарна яда кадаьллера. Арахь орца даккха а, полисхошка хаам бан а иза кхиинчул тIаьхьа цу килсана гобинера иттанаш Iедалан векалша.

Сахьтана а ца яхъелла йолу полисхойн лерина операци чекхйаьлча, ший а талорхо вийнера. Амма и шиъ кхиинера, шаьшна лаьцначарех цхьа мозгIар вен а, - полисхоша чIагIдарехь, цара цунна урс хьаькхнера, - ткъа иштта кхин шина закъалтана арсашца чевнаш ян а. Лазийначех цхьаъ чолхечу хьолехь лоьрийн цIийна кхачийна, иза валаран-висаран дозанехь ву аьлла дIахьедар дина Iедалан векалш.

Шина зуламхо ший а 19-20 шераш долуш хилла. И шиъ Iарбойн мехкашкара орамаш долу Францин ши вахархо ву. Царех цхьаъ хьенан мила ву дукха сиха къастийра Iедалхоша. Цуьнан цIе юкъараллина а, журналисташна а цкъачунна йовзуьйтуш яц полисхоша, цу стеган дахаран некъан цхьайолу башхаллаш а, голатохарш а йовзийтинехь а.

19 шо долу и жимстаг Сент-Этьенн-дю-Рувре гIаларчу полисхошна а, къайлахчу сервисашна а дика вевзаш хилла тIаьхьарчу масех шарахь шен радикалан хьежамаш бахьана долуш. Даханчу 20I5-чу шарахь шозза лаьцна хилла иза Iедалхоша Шема, ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанах дIакхета дагахь новкъаваьллачуьра.

Цу Iалашонца цо шена харцахьчу цIарца легала доцу документаш даьхна а хилла шозза а. ШозлагIа лаьцначул тIаьхьа Францин джихадхойх я цаьрца озабезам болчу нахах долчу низамца догIуш ма-хилла, иза полисхойн тергамехь хилла, хIусамера арест долучу хьесапехь Iер-вахар долу гIуда тоьхна а хилла цунна.

Цул совнаха, когах тоьхна электро-буржал а хилла цуьнгахь, Iедалхошна иза маца-мича воьду бохург тергал дан аьтто луш долу. И буржал, ала дашна, цо шинари дийнахь килса чохь цIий Iаночу хенахь а цуьнца долуш хилла. Муха дан аьтто баьлла цуьнан ша динарг, иза полисхойн тергонехь а хилча, цо лелориг цу буржалийн гIоьнца мелла а тидамехь латтон Iедалхойн йиш а хилча боху хаттар цкъачунна жоп доцуш ду.

Цу юкъана, полисхойн лерина операци чекхйаьллачул тIаьхьа килсанахь зулам динарш ДаIишан агIончаш бу аьлла дIахьедар дира Францин президенто Олланд Франсуас. Даима а ДаIишан талорех лаьцна дуьненна дуьйцучу цу тобан официала зурма санна ларалуш йолчу Iамакъ интернет-агенталло а дIахьедар дира, килсана тIелатар динарш ДаIишан салти бу аьлла.

ДаIишан агIончаш зуламхой хиллехь я, ца хиллехь а, тешаша чIагIдарехь, цара шайн тIелатар дечу хенахь АллахIу акбар бохуш мохь бетташ хилла. Гучу суьртехь, шайн дагахь Делан дош даржош а, джихадехь дакъалоцуш а хилла и шиъ.

Амма бусулба динца цхьаьна ца догIу и тайпа къизаллаш а, и тайпа зуламаш а бохуш дела денна аьлча санна дуьйцу ислам динан Iелимаш а, дешначу наха а. Боху иштта Францехь Ницца -гIалахь нохчийн -гIалгIайн ассоциацин куьйгалхочо Магамадов Рамзана, хIунда аьлча Сийлахьчу КъурIанна чохь а, Элчан, Делан салам хуьйла цунна, суннатехь а магийна дац бехк боцучу нехан цIи й Iанор.

Магамадов: „Вайна хаа дезаш цхьа хIума ду- АллахIан, субхьана ва таIала, КъурIан чохь а, Элчан Суннатца а доцу, ца магош долу хIумнаш ду уьш. Цу наха лелош долу хIума бусулба нахана дуьхьал, царна зе деш, царах бIаьрг бадош хIума ду. Дин исламо леладе бохуш лелош хIума дац тахана цу наха лелош дерг, иза сийсаздеш лелош хIумнаш ду. АллахI Дала нисдойла вай!“

Цу юкъана килсанахь къиза мозгIар вер а, нах закъалте лацар а дийцаре до Европерчу юкъаралло а, пачхьалкхийн урхаллин векалша а. Цхьаццаболчу политикаша и зулам бахьана долуш Францин низамаш хийцадеза, уьш ка ма -доллу чIагIдеш, бохуш кхайкхамаш бо.

Иштта, масала, цу пачхьалкхан президент хилла волчу Саркози Николяс, хIинцалерчу Францин урхаллин ира критика а еш, элира кхаари дийнахь, масех бутт балале и террор сацон некъаш карон деза мехкан куьйгаллина, аьлла. „ХIара тIом бу, цундела вайн кхин дан хIума дац, къовсамехь дакъа а лаьцна, тола ца тоьлча. Вайн мостагIчуьнгахь я табуш я яц, я морал а яц, я дозанаш а дац“, - элира цо.

Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Валтеро а емал дира 84 шо долу воккха стаг- мозгIар вер. „Фанатийн цабезам ур-атталла килсанах а, Делах тешачу нахах а хьакхалуш бу. Амма вай вешан мехаллаш а, вешан маршо а, вешан Iер-дахаран кеп а дIалур яц цхьанна а“, - элира цо.

XS
SM
MD
LG