ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Юкъараллин Палатин декъашхочо Коровин Валерийс некъ кховдийна Оьрсийчуьрчу бусулба къаьмнашлахь дин ламастийн кепехь ца лелочарна, аьлча а, тIерикъатехь боцучарна шайнна баха а, шайна ма-луъу дин лело а меттигаш яла езара, аьлла.

Масална боху, Нохчийчуьрчу салафийашна лаьмнашкахь шайнна кIошт а йиллина, цигахь бахийта беза.

Коровин Валерийн ойланна тIетовш ву цуьнан белхан накъост Григорьев Максим а.

Оцу дIахьедаро дуккха а хабарш юкъадаьхна гондхьа.

Экспертийн, бусулба дин лелочийн гонашкахь цакхетамаш а хеза оцу хьокъехь – уьш цецбуьйлу, ца кхета.

Цхьаболчу тергамчаша а, эксперташа а тIе а ца дуьту Кадыров Рамзана ша «шайтIанаш» олий бен хьахош а боцчу нахана-салафийашна Нохчийчохь кIошташ а йохкур ю, уьш маьрша баха а буьтур бу бохург.

И тIаьххьарнаш харц боцийла ша Кадыровс дуккхаза а хаийтина – иза тIамехь ву ша а, шен гоно а «вахIабхой» лоручу нахаца.

Телевизионашкахула даима санна олу Кадыровс, «еха мажош а лелош, хечин чудерзийна когаш а долуш, шайн телефонашчохь шайтIанийн хьехамашка ладоьгIурш леца а беза, набахтешка хьийсон а беза.

Ас билгалдаьккхинчу хотIца кегийнах маьI-маIIехь бу, хIора кIоштахь, гIалахь. Хьуьнхахь лехна а ца Iаш, маьждигашкахь а леха уьш».

Коровинна а, Григорьевна а, кхечу цхьацца Думин депутаташна а бегIийла хета салафийашна Нохчийчоьнан лаьмнашкахь автономии кхоллар, и нах шайн дин доггах а лелош, пачхьалкхана пайде а болуш, нахаца машарехь а болуш, ДАIИШ тобанан хьехамашка ла а ца доьгIуш баьхчхьана.

Хьала а, охьа а боху цара, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана массо а агIор гойту ша тIерикъатехь болчу нехан ша агIонча хилар, ша тIе ца оьцийла муьлхха кхин динан кепаш, некъаш.

Цо оцу некъашца боцчу нахана баха аьтто бича тоьлура, уьш хIаллакбан а ца гIерташ, боху Коровина шен йозанашкахь.

Ткъа муха мах хадабо Коровинан - Григорьевн ойланийн бусулба нехан бала болчу кхечу эксперташа? Баккъал а кхочушдалург дуй-те цара Iорадаьккхинарг?

Масала, Кавказерчу геополитикан клубехь политолога Цыганов Александра динчу къамелехь, и ойла дахаре ерзо бакъо яц.

Динан охIланашлахь лаьттачу къовсамо са а гатдеш, кест-кеста Малхбузерчу прессехь тIерикъат лелочарний, цалелочарний юкъахь машар карор луучех ву историн Iилманча Вачагаев Майрбек.

Цуьгнга хаьттира Маршо радионо, хила тарлой Коровинна хетарг дахарехь чекхдолуш, суфийашна шайнна баха меттигаш яла догIий, дуй пайде Коровина бохург, хIун 1алашонца орцахваьлла иза бусулбанашна.

Вачагаев: «И санна церан дийцарш нохчийн бух цахаарна, къам ца довзарна дуьйцуш хета суна. Мел а шаьш цхьа хан пачхьалкхехь яьккхина бохуш хилча, и нохчийн бух, церан гIиллакхаш, Iадаташ, култура, жимма а уьш хаа гIоьртинехь, цара тахана теакрати юьцур яцара, шаьш ца бешаш санна сурт ду цара хIиттош дерг.

Вай хьоладай ду, вай гена девлла доьлхуш ду културехь, амма уьш бисина-кх тIаьхьа, боху цара. Уьш вай мел чIогIа тIаьхьакхио гIертарх а, вайн ницкъ ца кхечи уьш вайца нисбан, бохуш цара хIоттош сурт ду иза.

Суна хетарехь, Москвахь цхьаммо а тIетадийр долуш хIума дац и. Шайн цIе яккхийтархьама, эцца цхьана дийнахь интернетчохь ша вийцийтархьама и санначу наха лелош кепаш ю уьш».​

Кхеташ ду, хено гайтина тIерикъатехь болчу наханий, боцучарний юкъахь бар хила доцийла хенан йохалла.

Хила тарло пайде уьш вовшех къастийна, вовшашна юьстах бахар а маьIне. Ткъа уггаре хьалха оьшург пачхьалкхера хила деза – маршонаш: дешан, даран, дин лелоран.

Уьш хилахь, оьшу ала дац цхьанне а цхьа а резервуацеш, колонеш, шатайпа «ирсе ярташ, гIаланаш».

XS
SM
MD
LG