ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирма Къилбаседа Кавказах дIатоьхна Путина


Президенто Путина омра дина Оьрсийчоьно Украинера дуьненан низам а дохош долаерзийначу ГIирманера «федералан го» олу статус дIа а йоккхуш, и мохк Къилба федералан гонах дIатухийла, аьлла. Хаамбинарг ю, президентан пресс-гIоьнчаллана тIе а тевжаш, «Интерфакс» агенталла.

Иштта еарийдийнахь даржера мукъаваьккхина Къилбаседа Кавказах жоп луш хилла инарла-губернатор Меликов Сергей. Цуьнан метта хIоттийна ГIирмехь губернатор лаьттина Белавенцев Олег.

Ткъа Меликов дукха хан йоццуш полицин эскарех кхоьллинчу Оьрсийчоьнан Къоман гвардин буьйранчин гIовс хьажийна Путина.

Иштта мукъаваьккхина, «Интерфаксо» бахарехь, Украинехь Кремлан векал лаьттина Зурабов Михаил а.

ГIирма а санна, анексица яьккхинчу Севастополан губернатор Меняйло Сергей, даржехь лакхавоккхуш, хьажийна Путина шен векалвина Сибарехан федералан гоне.

ХIинца цхьаьнатоьхначу Къилбаседа Кавказах а, ГIирмех а жоп лушволу 67 шаре ваьлла Белавенцев Олег вина Псков кIоштахь. Иза эскархойх ву, Путина КГБ-н цIарх Берлинехь воллучу хенахь болх бина цо Германерчу Советан пачхьалкхан векалтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG