ТIекхочийла долу линкаш

Алапаш лахдийр ду аьлла даржар ца тайна, шина сахьтана протестан гулам хIоттийра мехкдаьттадаккхархоша Казахстанерчу Жанаозен гIалахь. «Бургылау» цIе йолчу компанин 700 белхахо вара еарийндийнахь гулвелла. Компанино белхан хенаш яцйо ша аьлла кхайкхийна, ткъа оцо ладийр ду белхахойн алапаш, бохура гуламан жигархоша.

Ткъа компанино шен Iалашонна бухахь мехкдаьттан мехаш дуьненахь лахдалар ду, тарояц аьлла даржийна лаккхара алапаш нахана латтон.

Дахначу шарахь 70 гергга стаг ваьккхина компанино балхара. Казахстанан Мангистау-махкахь ю Жанаозен, 20II-чу шарахь мехкдаьттахошний, Iедалний юкъахь иккхинчу девнана аренгахь дийлинчу герзах белира дуккха а нах.

XS
SM
MD
LG