ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна я Кадыровна мега "доьза ван", ткъа Меркелна ца мега...


Путин Владимир наг-нагахь к1иранашна а деношна а къайлаволу юкъараллах, Оьрсийчоьнан бахархоша иза мичахь муьлхачу хьолехь ву бохучух лаьцна т1аккха эладиттанаш дийца доладо. Хуьлу и саннарг Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхошца а.

ХIора шарахь цхьацца белхашкахь болчу нехан аьхкенан садоIу мур болабелча, я Iаьй Керла шо тIедогIучу хенахь церан мукъа денош девлча, Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхой а, лакхарчу даржашкара политикаша мича гIур бу садоIа, уьш шайн белхашкахь а боцуш, мас де я кIира дер ду бохучух йолу информаци меттигерчу газеташкахь зорбане йоккху, я телевизионехула дуьйцу.

Бахархошна шаьш хаьржина йолу урхалла а, шаьш хаьржина болу политикаш а, ала дашна, шаьш лучу ясакхо кхобуш болу, хIун лелош бу хаийтархьама деш ду иза. ТIаьхьара масала ду Германера. Немцойн канцлер Меркел Ангела ши кIира хьалха балхара садоIа яхнера. Кхин башха гена, цхьанхьа экзотикечу меттигашка дIаса а ца яьллера иза, ша йина а, кхиина йолчу Уккермарк олучу Малхбалерчу Германин кIошта яхара бен.

Иза хууш дара массо а Германин вахархочунна, Iедало иза шех лачкъийна доцун дела. Амма хьастагIа Мюнхенехь амокхочо нах байъар бахьана долуш садоIар юкъах а дитина, Кхерамазаллин кхеташонан экстрене долчу цхьаьнакхетарехь дакъалаца Берлине юхахерза дийзира цуьнан. Цул тIаьхьа юха а Уккермарке садоIар чекхдаккха яхана йолу иза Германехь тIелатарш, цIийIанорш алсамдовлар бахьана долуш и садоIар кхушаренна дита а дитина, балха араяьлла.

Кхин ду Оьрсийчуьра хьал. Пачхьалкхан лакхара куьйгалла а, регионашкара хьаькмаш а къайлабовлу кест-кеста бахархойн фокусера. ТIаккха юкъараллехь эладиттанаш дуьйлало, хьенех цомгуш ву, минех велла, цунна метта Оьрсийчоьнна урхалла деш цунах терра волу цхьа кхин стаг ву, Кремлехь карчам хилла я иштта дIа кхин а, бохуш.

ТIаьхьарчу шина шарчохь шозза-кхузза даьржина и санна долу эладиттанаш Путин Владимирх лаьцна. Цкъа хьалха, уггаре а шуьйра юкъараллехь а, ур-атталла Малхбузерчу хаамийн гIирсашкахь а дийцаре деш хилларги дара, 2015-чу шарахь Путин букъаца цIе ца йоккху лазар а кхетта, кIелвисина ву, цунна дарбанаш деш Австрера а, Германера а лоьраш а бу, боху хабар.

Ша Путин цхьанхьа а официалечу хиламашкахь ца гуш къайлаваьлла волуш ши кIира а делира. Кремло йоккха къайле йина лелийна долу цуьнгара хьал дагахь а доцуш гIардаьккхира эххар а Путин Туркойчоьнан президентаца Эрдоган ТIайип Реджепаца цхьаьна а кхетта, нахала ваьлча, Эрдогана цуьнга ларамаза микрофонаш латийна хилар диц а делла, муха ву хьо, муха бу хьан букъ аьлла хаттар дича. ХьастагIа кхин цкъа а даьржира Путин къайлаваларх а, иза могуш воцуш хилар а эладиттанаш.

Амма Путин дуьхьарлераниг вац Оьрсийчоьнан исторехь, иштта къайленехь шен могшалла а, ша лелориг а, ша кест-кеста къайлавийлар а латтош верг, бохуш дийцира Маршо радионе политолого Асхабов Хьамзата, Лондонерчу стратегикаллин талламийн институтан Iилман белхахо волчу. И ламаст Оьрсийчохь бIешерашкахь дуьйна схьадогIуш ду, боху цо.

Асхабов: „Оьрсийчохь Iедалан ден цIе мухха елахь а, - хуьлда иза эла, я инарла секретар, я президент, - халкъ цу Iедалан бага а хьежна хуьлуш ду, цу Iедалах шайн массо а хIума дузуш. Цкъа делахь, лайн амал ю иза, хIунда аьлча халкъехь цхьа а инициатива яц. Цуьнца доьзна хета суна махкахь массо а кхин йолу проблемаш а, масала, экономикехь а. Дуккхаъчу хенахь массо а хIума лан а ловш Iа халкъ, цул тIаьхьа карзах а долий, ара а эккхий, революцица массо а хIума хуьйцу“.

Оьрсийчуьрчу политикан ламасташкара Iемина а, цигара схьаэцна а хуьлуш ду бохуш дуьйцу политолого Нохчийчоьнан политикан ламасташ а. IЕдална критика еш верг а, цуьнан ледарлонаш юьйцуш верг нохчашлахь а хуьлуш вац и Iедал тодан Iалашо йолуш, дуьххьара дIа а иза дохон бен, аьлла хета цунна.

Асхабов: „И церан ламасташ, церан гIиллакхаш ду нохчаша схьаоьцуш дерг а – цкъа Iад Iаш, тIаккха ара а лелхий, анархи кхуллуш. IЕдална критика еш берш уьш и Iедал тодан а, цхьа хьанала Iедалан кеп кхолла а лууш лелаш ца хуьлу, Iедал дохон Iалашо йолуш хуьлу. Ткъа и Iедал кхион дезар дуьйцуш вайн амал яц“.

Кхин хьал ду Малхбузехь, кхиинчу пачхьалкхашкахь. IЕдалан коьртехь лаьтташ верг хийца валарх я иза дIаваларх хийцалац политикан система, ткъа политикан система ша бахархойн лаамашка а, церан хьежамашка а ладоьгIна ю, бохуш дуьйцу политолого Асхабов Хьамзата, Iедало а, бахархоша а цхьаьнаболхбаран масалаш а дахкош.

Асхабов: „Европехь а, Iамеркехь а, Iедал кхиина долчу муьлхачу а меттехь и саннарг хила йиш яц, хIунда аьлча кхузахь ерг хIоьттина яьлла политикан система ю. Цхьа стаг я пачхьалкхан куьйгалхо дIаваларх бахархойн дахарна цо башха хIара аьлла Iаткъам бийр боцуш.

ХIинца кху деношкахь, масала, кехат деъна тхоьга поштехула, кхуза лулахь цхьа гIишло ю тишъелла дIайохон езаш, цунна метта цигахь хIун йича бакъахь хетар дара шуна, аьлла. Цхьа кхин масала – хIинца Iедале еана керла консервативечу партин керла премьер-министр. Бахархошка хеттамаш бу цара кху юкъана беш – шун керла муха хIун дича бакъахь хета, хIун хийцамаш беза шуна бохуш, - шаьш Iедалехь долшехь, дагабуьйлу уьш бахархойх“.

XS
SM
MD
LG