ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно герз латтадо Донбассерчу сепаратисташна


Iамеркан Штатийн цIарх Украинера конфликт ерзорехьа къахьоьгучу шина лаккхарчу дипломато Оьрсийчоь бехкейо цо Донбассерчу оьрсийн гIаттамхошна хIинца а ягориг а, герзаш а дIакхоьхьуьйтуш хиларна а, и бахьанехь цигахь хьал юха а оьшуш латтарна а.

Европехь кхерамзалла латторан а, цхьаьнаболхбаран а хьукматехь векал волчу Бэр Дэниела а, Украинерчу Штатийн векало Пайет Джеффрис а Венехь пресс-конференцехь дина и дIахьедар пIераскана. Украинера хьал толлучу лерринчу комиссино хьал довзуьйтучу барамехь хилира бриффинг.

Цхьанатоьхначу Штаташ а, Европехь кхерамзалла латторан а, цхьаьнаболхбаран а организаци а саготта ю Оьрсийчоьно луш долу дошший, дийриггий вовшахдолуш хиларна, дIахьедина Баера Дэниела а, Украинерчу Шатийн векало Пайет Джеффрис а. Минскехь шозза – стохка а, лурчаха а Украинерчу конфликтан хьокъехь бина барт бохабо Кремло, аьлла ду Венерчу конференцин жамI.

XS
SM
MD
LG