ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиранан хаттарна жоп: Ишта хуьлучул цахилар тоьлу низамхой


ХIун дан догIу полицин, кхечу къепе латточу урхаллийн болх бахархошна товчу хорша баккха?

Низам чIагIдан декхарейолчу урхаллийн ницкъ цхьа а доза а доцуш бу, цара конституцино адамашна кхачош йолу бакъонаш хьоьшу, бохуш хеза Нохчийчуьрчу бахархойн цхьана декъера а, Оьрсийчуьрчу а, дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматашкара а.

Бахархой кхечу декъо Iедалан шогалла бехха тIемаш лаьттинчу махкахь ца хилча ца йолу, цо аттаче докхуш, зуламах цIандо дахар, олу.

Маршо Радионо низамхойн белхан башхаллица доьзнера кху кIиранан хаттар. Шу реза дуй Нохчийчуьрчу полицин, кхечу низамхойн балханна, дуьйлий цаьргара гIалаташ, зуламаш? ХIун дан догIу полицин, кхечу къепе латточу урхаллийн болх бахархошна товчу хорша баккха? Иштта дара хаттар.

Хетарг довзийтира Нохчийчуьрчу а, дозанал арахьарчу а нохчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG