ТIекхочийла долу линкаш

Словене вахана Путин


Любляна - Словенин коьрта шахьар

Любляна - Словенин коьрта шахьар

Оьрсийчоьнан президент Путин Словене вахана Европан Бертанний, Атлантикан тIеман альянсанний Кремлца юкъаметтигаш гIоьртина лаьттачу юкъанна. Словенино и кIирандийнан визит официалехь яц боху.

Евробертан дакъа долчу Словенино ша Югослави а йоьхна шенна яьлча дуьйна схьа латтадо Оьрсийчоьнца гергарло, ца доьхна иза Украинера Кремло низамехь а доцуш ГIирма яьккхарца, Донбассерчу сепаратисташна тIекарлоярца доьзна Кремлна дуьхьал санкцеш яьхча а.

Словенино дуьненан хьалхарчу тIамах иэс дузуш хIоттийна мемориал йоьллучу бараме вахана Путин. ТАСС агенталле цигарчу президенто Пахор Бориса Оьрсийчоьнан президент шаьш долчу вар шина пачхьалкхан вовшашка тешам чIагIбархьама а, диалог шоръярхьама ду аьлла. «Цхьацца актуале некъаш кеп-кепара тхуна гахь а, лелла хьошаллаш чIагIдо оха», - аьлла Пахора Путин шаьш долчу ван новкъавалале.

I991-чу шарахь Югослави юхуш маьрша пачхьалкх хилла ши миллион адам дехачу Словенех. 12 шо ду Евробертан а, НАТО-н а декъахь йолу.

XS
SM
MD
LG