ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлна ца ца тайна Вашингтоно хакерийн да ша яр


Деношкахь Iамеркарчу талламчаша а, эксперташа а шайн махкарчу демократин партин серверийн инйформаци Оьрсийчуьрчу хакерша лачкъийна Iораяьккхинчух тера ду алар ца тайна Кремлна. Ткъа Штаташкарчу говзанчаша хакерша къоладеш йитина ларш Оьрсийчуьрчу кибер-жоьлкийн ю боху.

Цуьнца доьзна кеста хуьлучу шайн президентан харжамашна Оьрсийчоьно тIеIаткъамбарна кхерам иккхина аьлла даржийна Iамеркахоша, президенто Абамас а тIехь. Кремло шогга емалдина и тайпа къамелаш, уьш «дIаьвше» а ду, «анти-оьрсийн паранойя» а ю, аьлла.

Дахначу кIиранах даьржира демократин партино шен серверашкахь кхобу, царна чуьра лечкъийна цхьацца кехаташ а, демократаша вовшашлахь дина йоза-къамелаш а интернетехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG