ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аллеппона тIелата ца йоллу ша боху Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Рябков Сергейс харц ю аьлла Оьрсийчоьй, Шемий Алеппона тIелата йоллу оцу гIалин бахархой чуьра ара а бовлийтина бохуш яьржина информаци. Iамеркан векалша а, шемахоша-гIаттамхоша а дехнера Кремле деношкахь цо а, Асад Башаран эскарша а гонелаьцначу Алеппорчу 250 эзар вахархочунна къелхьара волуш гIаличуьра вада «кевнаш» дитар.

«Ас чIогIо еш боху, цхьа а штурм а яц кечъеш. Iамеркара Оьрсийчоьнан партнераш бу иштта цунах ца тешаш, даима а шеконехь, доцург даржош, оха цу гIаларчу нахана кевнаш дитанний бен кхин дагалаьцна хIума дац», - аьлла «Интерфаксе» Рябковс пIераскана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG