ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьно тIаьххьарчу кIиранах лаьцна 50 гергга журналист, 300 гергга репортерера дIаяьккхина белхан бакъо, хаамбина журналисташ Iалашбарехь йолчу Комитето. Хонкаро 80 сов журналист лаца ордер елла. Iедало чIагIдо, и нах оппозиционеро ФетхуллахI Гюлена кечбеш хиллачу карчамехьа хилла бохуш.

Истамулерчу кхело пIераскана 17 журналист бехкевина терроризмана. I00 сов хаамийн гIирсийн редакци дIакъевлина Туркойчохь. Махкахь карчамехьа хилла аьлла дIакхайкхийна ву 18 000 сов стаг, лаьцна царех 10 000 гергга. Иттаннаш эзарнаш нах дIабаьхна Iедалан даржашкара.

XS
SM
MD
LG