ТIекхочийла долу линкаш

Цхьа хан яра нохчашлахь адаме я доьзале бохам беъча, массо а халкъ цу стагана я доьзална кхаьчначуьнца дакъа лоцуш, царна белшашгIортош, уьш тебан гIуртуш.

Нахана, масала, тезет яьлча, цигахь кхо буьйса я ворхI буьйса лерина, тезетахь лаьттина адам шен-шен цIадахана, дIасадирзинчул тIаьхьа шозлагIчу, я кхозлагIчу дийнахь, я масех де даьлча кхин цкъа ваха веза къонах а тезетан дай болчу, лерина цаьрца паргIатехь охьахаа, церан дог эца, цаьрца кхелхинчуьнах лаьцна дагалецамаш бекъа, хаза дош ала, хIунда аьлча тезет дIайоьдучу деношкахь-м тхьузвелча санна, шега деанчун ойла ян а, сингаттамах дог Iабон а ца кхуьуш, дIалела во деънарш. Ткъа бакъболу бала цаьрга тезетар нах дIасабаханчул тIаьхьа хIутту – иштта дара хIинцачул а цхьа ткъо шо хьалха оьздачу нохчийн Iадат.

Вайн деношкахь нахана тезет ялахь, я муьлха а цхьа во дагIахь, цунах къомана а дийцарш а, эладитташ а, ватсапехула дIасакхехьийта аудиохаамаш а хуьлу. ХьастагIа Нохчийчохь къона зудий, майрий марел динчул тIаьхьа масех де даьлча делла карорна гонахьа вайнаха даржийна элар-бахарш санна. Уггаре а хьалхарниш цу эладиттанийн хIордалахь чопа эккхийтинарш ватсапплелорхой бара.

Цхьана, кхеташ ма-хиллара, шен цIе ца йийциначу зудчо, шена хиина, ша кхечаьрга дуьйцучу керлачийн мехаллало бакъонца иза кхохкийна хилар цуьнан озехь хезаш хиллачу, дуьйцура, хьенехагIера кIантий, минехгIеран йоIий, шаьшшина тоьхна делла, марел дина ши-кхо даьлча.

Массо а хIуманна бехке церан нана ю, цу марелна реза йоцуш, уьш хьийзина йолу, бохуш. Юх-юха а дуьйцуш, цкъа аьлларг массийтаза а олуш – хетарехь, шена уьш мел дика бевза а, ша мел мехалчу хиламан теш а хилла а бохург массарна а кхеташ хилийтархьама, дуьйцура цо, и кIант а, и йоI а мичахь доьшуш хилла, церан безам мел цIена а, хаза а хилла, царна новкъарло йинарг мел боьха стаг хилла, бохучух лаьцна

. Аудиоэладиттанца цхьаьна доьзна дIасакхоьхьуйтуш дара цхьана куц хазачу къоначу йоI-кIентан сурт, вовшашна чучча пхьаьрсаш а даьхна лаьттачу. Масех дийнахь, бала мел боцучара, шайна ца хуург мел дуьйцучара комментареш а еш, ватсапехула дIасалийлира и хаам, хетарехь, дуьненна кхо го баккъал некъ а бира цо. Эххар а кхин цхьакха хабар даьржира, цу зудчо дуьйцург бакъ хила йиш яц, цу суьрта тIера йоI, кIант йиший-ваший а ду, и шиъ тхан лулахь дехаш а ду, ший а дийна а ду, я царех цхьа а цкъачунна марел дина а ма дац, бохуш цхьаммо дуьйцуш. Амма цу тIехь чекх ца делира элар-бахарш.

Хье ца луш, даьржира кхин цхьа сурт – цхьана петарахь делла Iуьллу ши адам ма-дарра гойтуш, я церан яххьаш къайлаяьхна а ур-атталла валарца а, я беллачаьрца а, я цу беллачийн цIерачаьрца ларам боцучу наха дIасакхоьхьуйтуш долу, хIара ду и шиъ, хьовсийша, вааа, ма къа ду церан, вааа Дала кхел йойла и шиъ дийначаьрна, вааа Дала бекхам бойла церан безам човхийначарна бохуш, кхин цкъа а керлачу гонехь дар дайначу наха шайна хийрачу, шайна ца девзачу адамийн бохам юх-юха а Iуьйшуш, цIуббеш, бижа ца буьтуш.

ХIун ду-те вайн заманахь нахана сел чIогIа и тайпа бохамаш, и тайпа ирча кхаьънаш дезар? Муха дийцало-те, беллачийн сарташ дIасатийсар мукъане а ца диталуш, бала мел боцучаьрга и тайпа эладиттанаш, шайна ца хуург шайн бIаьргашна гича санна чIагIдеш? Болх-некъ, чохь дан гIуллакх, шайн долара дахар а – цхьа а дан хIума ца дисна -те нехан дахарца бехачу цхьаццаболчу сенсаци езархойн? Дала сел чIогIа Сийлахьчу КъурIана ца магош дийцина долу эладиттанаш дийцар стенна даьржина -те вайнахалахь, цхьа а дарба доцу у санна? Муха буьйцу жайнашкахь нах буьйцу нах, шайн меттанашна дола ца далуш болу нах? Венерчу маьждигехь имам волчу Iелимо Абу Iабдуллас лерина шайн меттанашна доладарна а, шайн меттанаш тодарна а лерина 26 лекци йийшира ша имамалла дечу мабждигехь тIаьхьарчу кIиранашкахь.

Харцдерг дийцар муххале, амма бакъ делахь а, нахана тIера сакхташ я нехан дахарш дийцар – иза мел ца магийна ду бусулба динехь бохучух яра уьш. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь Iелимо бакъо елира, шен къамелан кийсак эфирехь хазон. Маттах долучу зуламах лаьцна иштта дийцира цо.

Абу IабдаллахI: „Оцу матто хийла адам вовшахтуху, хийла адам вовшахдоккху, хийла пачхьалкхеш вовшах лотуьйту цо. И мотт цхьа жима меже бен яц вайн дегIатIехь, амма цуьнца болу ницкъ боккха бу, цунах схьадолу къа инзаре доккха долуш меже ю иза.

Дала КъурIанчохь боху ан-Нур сурат чохь: „Бусулба а болуш оьздачу зударшна цIераш тоьхкуш болу нах, дуьнчохь Делан Шен неIалт аьлла нах бу уьш, эхартехь а Делан Шен неIалт аьлла нах бу уьш, царна хиндолу Iазап доккха ду шуна“. Бакъдац шуна, стаг цо Iибаташ дарций, иза молла хиларций дикане кхочуш ву бохург. Стаг дикане кхачош дерг ши хIума ду – цуьнан мотт, дог“.

Эладиттанаш дийцар, харц дерг кхоллар, нехан бохамах кхардар – Iелим наха цу хIуманашца долу зулам, церан къилахь хилар, Дала уьш дихкина хилар мел дийцарх а, вайнахах, хетарехь, кхетта даьлла и лазар. Къаьстина социалан машанаш яьржича дуьйна схьа шайн цIераш, сибаташ а лечкъочу нахана, олуш ма-хиллара, марш баьттIа, осала мел дерг дийца, кхечарех лаьцна эладиттанаш дийца а, нахана доцург кхолла а, цIераш техка а.

Цкъачунна цу боьхачу лазарна гуш дарба а дац. Сийлахьчу КъурIанчохь, хетарехь, уггаре а нуьцкъале, ойла ечунна дегIе зуздоуьйтуш йолу метафора ю нах буьйцучу нахах ялийна, нахах лаьцна эладиттанаш дуьйцучарах лаьцна ялийна. Шен веллачу вешин жижиг дуучу стагца вустуш ву Дала нах буьйцуш волу стаг Хьуджурат цIе йолчу суратехь. „Вовшашна баккъашна тIехьа вовшех водерг ма дийца аш. Шух цхьанна а луур дарий шайн веллачу вешин дилха даа? Маьттаза хетар ма дара шуна иза...“ - иштта ду цу суратехь аьлла.

Амма, хетарехь, шайн беллачу вежарийн дилхах ца Iебаш берш а, иза маьттаза ца хеташ берш а совтIеха дукха баьржина нохчашлахь а.

XS
SM
MD
LG