ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ереванера "къонахий" Iедалан карабахана


Ереванехь «Сусунера къонахий» шайх олучу тобано лаьцна латточу полицин полкан гIишлонна гонах герзаш дуьйлуш хезара кIирандийнан сарахь. Маршо Радион Эрмалойчуьрчу сервисерчу журналисташа яьккхинчу видеочохь кIур бу буьйлу гуш полицин декъера. ТIемалой карабахка декхаребеш операци хуьлучух тера ду дIахьош, хаамбо репортераша.

Шоьтан сарахь къоман кхерамзаллин урхалло дIахьедира, нагахь санна гIишло лаьцна Iийраш, герзаш охьа а дехкина, Iедалан кара ца болхахь, шен ницкъаша хIаллаквийр ву полкан цIийначуьра хийраниг милла а, аьлла. КIиранан Iуьйранна «Сусунера къонахий» тобанах волчу Аветисян Варужана дина къамел даржийна Ереванехь. Шаьш махкахь гIаттам айбан лууш дара, иза шайн кхочуш хилла. Цундела цIий а ца Iанош конфликт ерзо лаьа шайна, шайн лидерца Сефилян Жирайрца гойла а оьшу шайна, боху Аветисяна.

Иштта цо аьлла дIахьедарехь, нагахь санна Эрмалойчохь цIий Iенаш нилахь, цунна бехкениг президент Саргсян Серж лара догIу. Деношкахь лаьцна латточу полкан цIийнера араваьккхина, дарбан цIийне хьажийна цхьа герзахо шина баттахь, бехк толлуш, лаьцна кхаба сацамбина Ереванехь кхело. «Интерфаксна» полицино хаийтина, ши тIемало шайн лаамехь Iедалан каравахана, аьлла.

Ши кIира кхаьчна ткъеха сов волчу «Сусунера къонахий» тобанхоша Ереванехь полкан цIа лаьцна латтаден. Церан карахь ву масситта лор а. Шоьтадийнахь Ереванехь гулам хилара гIаттамхошкахьа болчу бахархойн. Набахтехь валлаве шайн тобан лидер Сефилян Жирайр а, кхиболу политикан тутмакхаш а дIахьецар тIедожадо Iедална герзахоша.

Cуьйренан хаам. Массо а Ереванера полицин декъан цIа лаьцна Iийнарш Iедалан карабахана, хаамбо Эрмалойчуьрчу Маршо Радион сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG