ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шалхабуьйлу Алеппора хаамаш


Оьрсийчоьнанний, Шемарчу Iедаланний ницкъаша Алеппорчу бахархошна гIала йита магийначу кевнашкахула араваьлла I70 стаг, шайлахь дукхахберш зударий а, бераш а долуш, хаамбина Демаьшкарчу Iедалан хьостанаша. Амма иза пропаганда бен яц, гIала йита луучарна кхо ков дуьллу баьхнехь а, дац диллина цхьа а, даржийна президентна Асад Башарна дуьхьаллаттачу Алеппорчу тIемалоша. Кхача а, цамгаршна духьало ян таро а йоцуш гонелаьцначу гIалахь ву 250 000 вахархо.

Шемин официало дийцарехь, арабевллачу нахалахь ву амнисти шайна яларе сатуьйсу массех тIемало а. Амма Iедалан телевизионо ша и хьал довзуьйтуш ца гайтина гIаличуьра баккъал а арабовлуш нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG