ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан парламенте баха луучу нахах пхи стаг тIечIагIвина махкарчу харжамийн комиссино. «Цхьааллин Оьрсийчоь» партех кандидат ву Демильханов Адам, компартех – Авхадов Руслан, либерал-демократин партера – Фазуллаева Альбина, «Нийсонан Оьрсийчоьнера» - Денильханов ИсмаьIал, «Оьрсийчоьнан коммунисташ» партера – Чувашов Максим. Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже а ву виъ кандидат.

XS
SM
MD
LG