ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нийса дуй историк-яздархо Ибрагимов Ризван кхетамбоцчу нехан цIийне дIахьажор?


Ши бутт хан яра Нохчийчуьрчу Iедалхоша харц тептарш яздина аьлла, цкъа вадйина а лелийна, юха бекхтакхаме яздархо-истрик Ибрагимов Ризван озийна. ХIинца иза кхетамах тиллачу нехан цIийне дIахьажийна. Хьоло дагалоцуьйту вайга Советан зама а, шена ца товчу Iилманчашна Iедало дуьхьалйоккхуш хилла къизалла а.

Ибрагимовца леларг тергоне оьцу Маршо Радионо кху кIиранан ша хIотточу хаттарехь. Муха хета шуна, яржийна ойла Iедалан я халкъан декъанна товш яцара аьлла, догIий стаг набахте я кхетамбоцучийн цIийне хьажон? Муьлха некъаш бакъахьа хир дара Ибрагимов я и саннарг кхетош юхьарлаьцча, таIзар я зорбанехь къовсам а айбина, бакъдерг къастор?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш. Прагера телефон: + 420 724 0I9 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 7240I9832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG