ТIекхочийла долу линкаш

Деношкахь Нохчийчохь хьошалгIахь волу Оьрсийчоьнан спортхо, ша тIехь хелхарш ден Плющенко Евгений Кавказан къаьмнийн хелхарша шовкъе ваькхина. ТIейогIучу хенахь лезгинка олу нохчийн хелхар гайта дагахь ву иза ша тIехь, ша деш. Плющенкос бахарехь, меттигерчу бахархойн хелхарша дог ира-карахIоттийначу цо Iалашо лаьцна нохчийн хелхар шен репертуаран юкъа далон. Шен сацам кхочушбийр бу ша хьошалгIара Москох я Петарбуха юхавирзича, аьлла дIахьедар дина вевзачу спортхочо.

XS
SM
MD
LG