ТIекхочийла долу линкаш

Iедална "сту бели - жижиг, ворда юьйхи - дечиг" ду дерриг а


Юкъ-кара цхьана ханна дижар доцург кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь хаддаза дийцаре деш ду нодуряляран дерматит цамгар бахьанехь даьхний далар. Ишта юкъараллехь дол-долуш коьртах а даьлла, сих-сиха хьехо даьккхина, нахана хилла даккхий зенаш дайдан Iедалхой сиха цахилар.

Ярташкахь бехачу могIарерчу нехан дукха даьхний эгийна нодулярный дерматит олучу буьччалгийн цамгаро. Схьагучу суьртехь цо деш долу зенаш хIинца а севцца а дац.

Официалан далочу терахьашца Нохчийчохь 5.500 эзар бежанна кхетта и цамгар, ткъа царех делларг 370 сов хьайба ду.

И цамгар дIаса ца яржийта а,эшо а махкахь говзанчех кхоьллина ю леррина штаб. Цуьнан мел кхиамаш бу ала хала ду. Бакъду тахана махкахь хьалха санна паргIат духкуш карош дац бежана жижиг, дохкарехь хаъал алсамдаьлла уьстагIан дилха.

Ма-дарра аьлча даьхний даларехь бегашена а доцуш хуьлу зенаш а, деллачул тIаьхьа уьш лаьттах дохкарехь а, церан чархаш ягорехь а хуьлу гIайгIа-халонаш шайнне йисна бахархошна. Цу декъехь сан къамелаш нисделла кхаа кIоштан бахархошца.

Соьлжа кIоштера Маржан ю дуьйцуш шен юьртахоша даьхнешца ловчу баланех. Цо чIагIдараца массо декъехь харж еш беш могIарера юьртахой шаьш бу.

Маржан: «Дала а делла ,цомгуш а ду. Къаьхьа де ду тхан куьпахь. Делларш дIатекхадо. Iедало деш гIо дац хьуна делахь. ХIора дийнахь мехий доьттийта, лор а валавой. Лийчош лаьтташ ду, наха шайн киснара еш ю харж. Iедалдайша деш гIо дац хьуна. Валлай дац-кх».

Вон –дика луьстуш,боьду-богIуш-массанхьа а дийцаре деш ду даьхний далар. Хезаш зуькар а долуш,ТIехьа –Мартанан кIоштехь сагIа доккхучу меттехь дийцаре деш ду адамийн хьашт-дезарш листарехь лаккхарчу даржашкахь болу хьаькамаш а, маьхькIамхой а партал лелар,маьхаза молха делла а, садаьлла бежана дIатакхийна а гIо дан уьш сиха цахиларх.

Аьзнаш: «Тхан юьртахь деш гIо дац хьуна делахь,кхечанхьа дергга-м ца хаьа. Етт балар жима болх а ма бац. Юьртахоша шайн кА яьл-яьллачу меттигашка дIа а текхийна хьайбанаш. Iедало терго ян мА езара уьш дIадохкарехь. Айххье солярка а эций, трактор а караяй бохург дош ма дац».

Дахарехь зеделла бакъдерг ду, бежаний кхобуш болу дукхахберш кхин дIоггара токхо йоцу, гIийла бохкуш болу а, юккъерчу барамехь таро йолу а нах хилар. Амма цара шаьш мукIарло дарца цкъачунна кхузахь цхьана а тIегIанахь хьахийна а, я къадийна а дац зенаш хиллачарна гIодар. Бежнийн цамгарца а, уьш даларца а мел доьзна хаттар юххера, чуьра девзачех ю ас юьззина цIе ца йоккхуш юьту Соьлжа гIалин кIоштера яхархо Лариса.

Лариса: «Цомгуш хуьлу бежний лахха-м дела, и лазар юхадаьлла ала-м ца хаьа суна. Нахе шайгга къайладохуьйтуш делла бежанаш. Наха хIора а дийнахьбохург санна лийчош ду уьш. Iедало цхьана кепара деш гIо дац. Уьш деллачарна а ца до, я даьхний дIадухкуш а ца до».

Тамаше хеталург ду, Нохчийчоь Юххера Азин пачхьалкхаш биста кхаччалц дуккха а мохк -къаьмнашна сагIина кхачанана сурсаташ доькъуш, эзарнашкахь уьстагIий дIакхачош схьайогуш йоллушехь кху масийтта шарахь, дукха вайнахана моттане а ца моьтту меттигерчу маьхькIамхоша даьхнех бевллачу бахархошна гIо дийр ду.

Делахь а, гIийла кхаьбна а цу декъехь дегайовха ойланш кхобурш а бу ба-м дукха бацахьа а.

XS
SM
MD
LG