ТIекхочийла долу линкаш

Мацалла лацарца шен Iалашоне гIерта Савченко


Шинарийдийнахь дIаяьхьначу пресс-конфереенцехь Украинерчу Радан депутата Савченко Надеждас дIахьедардина, кхаарийдийнахь дуьйнна ша мацалла кхайкхош хилар Оьрсийчохь а, Донбассехь а йийсарехь латтон Украинан бахархой дIахеццалц.

«Ас дукха некъаш лехна и нах маьрша бахийтархьама. Украинан президенте кхочушдалундерг хьехна ас закъалтхой хийцарехь. Уггар хьалха, Оьрсийчоьнан нах дIахеца вай дуьйладала деза. Ткъа йийсарехь дац Порошенко Петран бераш, вайн доьзалшна цо кIезиг са гатдо. Цундела, суна сан нанас, йишас санна, аш хIораммо а къийсам латтон беза шайн гергарнаш маьршабахарехьа» аьлла, къамел дина Савченко Надеждас.

Парламентан декъашхой тIетайна депутатан дIахьедарна, шаьш резадоцийла а хаийтина я президентна а, я тIеман министраллина а Донбассера конфликт ерзорехь цхьана а кепара пайден болх цабарна. Луганскан, Донецкан республикаш шайх олучу кIошташкарчу сепаратистийн лидершца дийцарш доло деза аьллера хьалхо Савченкос. Шинарийдийнахь шен хиллачу пресс-конференцехь юха а чIагIдира цо, мохк лаьцначаьрца цхьанакхета а, цаьрца диалог дIаяхьа а ша кийча хиларх.

Оьрсийчохь набахтехь ша латточу юкъанна Савченко Надеждас масийттаза кхайкхийнера мацалла.

XS
SM
MD
LG