ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхи цхьаъ бехк хьарчий Клыхах


Пачхьалкхан бекхтIебахьархо емалварна юха а керлачу девне озийначу Соьлж-ГIалахь тIемаш барна а, нах байарна а бохучу бахьаница кхело чувоьллинчу Украинан вахархочунна Клых Станиславна тIебаьхьина бехк чIагIбина прокуратурано. Байначу беттан 18-чу дийнахь бехкевечун адвоката оцу хьокъехь талламаш болийна аьлла, хаийтинера. 2015-чу шарахь дуьйнна Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело къастош ду Украинан шина вахархочун Клых Николайн а, Карпюк Станиславан а дов.

Ши бутт хьалха кхело хан кхайкхийра шина украинхочунна: Карпюкна 22 шо ах шо, Клыхна 20 шо набахтехь даккха. Дагадаийта догIу, и шиъ бехкево Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь дакъалацарна а, цу тIамехь уггар лаххара а 30 оьрсийн эскархо верна а, 13 оьрсийн эскархо лазорна а.

Цу шиммо а бакъ ца до Нохчийчохь тIамехь шаьшиъ хилла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG