ТIекхочийла долу линкаш

Тахана а яц Сталинан депортацино вайнахана йина хьу йирзина. Махкахдаьхна къаьмнаш къинтIера ца дахарра-м ца дуьйцу цхьаммо а, ур-аттала лур ю баьхна компенсацеш ца елира, юха ца дерзийра махка юхабирзинчех дуккхаъчарна цIенош. Тахана а лаьтта хIетахьлерчу харцонан зов Нохчийчохь.

Реституци, кхечу дешнашца аьлча, Iедало цхьана хенахь хьоладайшкара схьадаьхна латтанаш а, цIенош а царна я церан тIаьхьенна юхадерзор ду.

Советан пачхьалкх йоха ма йоьхнехь, цунна кIелахь лаьттина Малхбалера Европерачу пачхьалкхаша юьхьар а лаьцна кхочуш дира и низам нийсонца.

Оьрсийчохь и реституци даима юьйцуш елахь а, кхочуш йина меттигаш дукха бац. Уьш бича, Москохахь а, Санкт-Петербургехь а мел йолу шира гIаланаш санна йолу хIусамаш хиллачу долахойн доьзалшка юхаерзаян дезара дара.

Амма Нохчийчура Хьалха-Мартанарчу кхело, дукха хан йоцуш бина цу тайпа сацам. «Кулакаш» олурш бу аьлла, Советан заманахь чуьра арабаьхначу доьзале юхадерзина оцу гIалахь долу латта а, цу тIера цIенош а.

60 шо ца кхоччуш цу чохь баьхна доьзал, Соьлж-ГIалана йистехь массийта стага къуьйсуш йолу петар а елла, арабаьхна цигара. Арабаьккхинчу доьзалера Эльжуркаева Элимас иштта дийцира Маршо Радиога.

Эльжуркаева: «Оцу декъан тIехь деха тхо 55 шо хан яра. Тхан нанна балха тIехь елла яра иза. Важа нах, харц кехаташ а кечдина, шаьш адвокаташ а, суьдхой а болу дела, тхо полисхой а кхайкхина, чуьра арадехира. Сан ваша, шен доьзалца арахь ву. Оцу бахьанехь инсульт а хилла цунна».

2000-чу шерашкахь Нохчийчохь кхоьллинчу ОМОН-ехь болх бина ву оцу цIахь чуьра хIинца араваьккхина Эльжуркаев Элимхан. Шинна а тIамехь, Оьрсийчоьнан агIор дакъалаьцна а ву иза. ТIеман мидалш а, шортта совгIаташ а ду цунна оцу хенахь делла. ХIинца пенсехь ву иза. ГIора доцуш стаг ма хилнехь, Iедална а иза оьшуш ца хила, аьлла кхин дIа а дуьйцу цуьан йишас Эльжуркаева Элимас.

Эльжуркаева: «ОМОН-ехь болх беш вара иза, уггаре а халачу хенахь. Лазийна а вара. Шортта мидалш а ю. Iедалшна а ца оьшу-кх, цомгуш а, кIелависина стаг».

Кхело хиллачу дайшна меттиг юхаерзочу хенахь ЭльжуркаевгIарна къастийна чохь Iан Соьлж-ГIалара меттиг. Старопромыслан кIоштехь, гIалана йистехь. ДIахьевсича, церан санна Iедало кехаташ делла, кхиъ массийта доьзал бу боху Эльжуркаева Элимас.

ХIинца лелаш ю иза бакъонашларъярхошка а, Iедалан белхахошка а гIодоьхуш. Массанхьа-къора бу шайн лазамна элира цо.

Эльжуркаева: «Тхуна цхьа петар эцна аьлла хIума ду. Тхан ваша 4-гIа да ву-кх цара еллачу оцу петаран. ЛартIехь яахIума а йоцуш Iаш ву иза. Мел долу пенси шайна чохь Iан хIусам лацарна дIадоьду церан. Тхоьгахь хIинца дIадаьлла ахча а. Таро а яц тхоьгахь».

Юридикин агIор кхело бинчу сацаман шортта кхачамбацарш го адвокатна Садаханов Заурбекна. Цхьаберш чу а бахийтина, кхиберш аракхиссар-цхьанна а низамашца догIуш дац, элира цо.

Садаханов: «Хьалха-Маратанарчу кхело бина сацам нийсонца бац. Эльжуркаев Элимхан чуьра араваьккхича, цунна елла петар а массийта долахо волуш ю. Иза оцу кертара аравоккхуш бина сацам а нийсонца бина а бц аьлла хета суна».

«Реституци»-нийсо бухе диллина низам ду. Хиллачу дайшна латта а , цIенош а юхадерзорна дуьхьала хIума олийла дац.

Амма оцу хIусамаш чу бахана нах, шайна лаамаца ца лелла. Царна а иза Iедалша делла хуьлу дукхачу хьолехь.

ХIинца оцу ЭльжуркаевгIарна а, цу чу хиинчу кхечу доьзална а юккъахь гамо кхоьллаелла.

Адамалле диллича, цуьнах ша мел долу жоьпалла деккъа Iедалшна тIехь хуьлу.

XS
SM
MD
LG