ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан уггар а лакхара совгIат, Кадыров Ахьмадан цIарх мидал елла Оьрсийчоьнан тоьллачу эскаран, Къоман гвардин коьртерчу буьйранчана Золотов Викторна. И хаам баржийна мехкан урхаллин пресс –гIуллакхо. Нохчийчохь инструкторан дакъа кхоьллина 3 шо кхачарна Гуьмсехь хIоттийначу барамехь Кадыровс мидалца билгалбаьхна цу декъан инструкторш: капитан Коровин Александр, Наурбиев Мохьмад. Кадыров Ахьмадан 60 шо кхачарца арахецначу мидалца совгIатдина Кадыров Рамзана шен гIоьнчана Мартынов Даниилна.

«Дуьненчуьра муьлха а пачхьалкх хьаьгар йолуш кечам бина бу Инструкторан декъан тIемалой» аьлла, шен гIадвахар дIахаийтина инарлас Золотов Виктора.

XS
SM
MD
LG