ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна нохчех гIаролхой беш ву Кадыров


Нохчийчу веанчу Оьрсийчоьнан къоман гвардин буьйранчас Золотов Виктора лаккхара мах хадийна меттигерачу тIеман тобанийн.

Золотов Виктора куьйгалле хIоттина Оьрсийчоьнан къоман гварди кхоьллина дукха хан яц. Оцу керлачу тIеман декъана, шена юккъехь, ОМОН, СОБР, чоьххьара эскар а долучунна, шуьйра бакъонаш ю.

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, иза кхолларх лаьцна олуш, хаам бинера пачхьалкхехь герз ца даржийта коьрта Iалашонаш ю аьлла. Амма дукхачу тергамхошна хетарехь, оцу керлачу эскаран бакъонаш шуьйра ю, кхечерачулла.

Нохчийчу веана хилла волу Золотов Виктор, веза хьаша санна тIеэцнера меттигерачу Iедалша. Кадыровн Ахьмадан цIарах мидал а оьллира. Шен агIора Къоман гвардин буьранчас, лаккхара мах хадира нохчийн эскархойн.

Хууш ма хиллара, кху массийта шарахь, чолхечу хьелашкахь тIом бан Iамош ю нохчийн эскархойн тобанаш. Арктикехь а Iаморш дIадаьхьара церан. Урдунехь дIаяхьанчу эскархойн дуьненаюккъерачу чемпионатехь а хьалхара меттиг яьккхира.

Нохчийн юккъаралла башха духе кхиа а ца гIерта, стенна кечъеш ю и тобанаш, шайна юккъе тоьлларг бен ца вохуьйтуш йолу. Тахана а, уггаре а сийлахь верг ву, ницкъ а, герз а, ахча а дерг.

Цхьаболчу эксперташа-м тидамехь латтадо и гIуллакх. Хаттар кхоллало, стенна кечбеш бу нохчийн кегий нах? БIеннаш эзар эскарш а, кхийолу ницкъаллийн структураш йоллушехь, уьш мича, хIун Iалашонаш кхочуш ян бахийта мега, бохуш.

Юккъаралхочунна Апаев Асланбекан хетарехь, чоьххьарчу гIуллакхашна кечбеш бу уьш. Ткъа бала а, байа а кийча хира буй нохчий, тахана Оьрсийчохь долчу Iедална тIе а хIоьттина бохург, ша шеке дуьллу элира цо.

Апаев: «Москох шаьш Iамийначу вайн нохчийн берех теша. Суна хетарехь, цхьаъ хилахь, нохчийн эскархой ша верриг летар вац цуьнан мостагIех. Исторехь вайна хууш ду-кх, «Акха дивизи» юккъе ца гIоьртира-кх паччахьан Iедал кIелхьардаккха. ТIаккха, совета Iедало хIун дира? КIело йира-кх нохчашна».

Нохчийн эскархой, Оьрсийчоьнан Iедалша кхиийна а, Iамийна а болчарна, дукха дика дагадогIу аьлла хета Апаев Асланбекна, селхана-стомара шайн къоман тIехь латтийнарг.

Тахана цара а лелош ду и байракх тIехь йолу изза барзакъ. Шена ца хета ша верриг, бIаьргаш хьаббина са дIадала кийча хира ву Оьрсийчоьнах, элира Апаев Асланбека.

Апаев: «Нохчийн берашна дага ма догIу вайна тIейиттина бомбанаш. Цуьнах хIинца а леш ма ду адамаш. Суна ца хета уьш ша берриг тIом хилахь, цига гIур бу аьлла.

Тахана вайн тIеман гIуллакх Iамийна бераш хилар дика ду. Ца бевлий бен уьш Оьрсийчоьнехьа а ца бевлла. Вайн къам хIаллакдеш ма дара».

Политологна Мачигов Альбертна хетарехь, нохчийн эскархой, тешаме а, кIело а йоцуш, шайна хьалхахь хIоттина Iалашо чекхаяьккха кийча бу. Мухха а делахь, цара нохчийн къам йохьIаьржа хIоттор дац, элира цо.

Мачигов: «Нохчий-тIемалой буй хууш ма ду. Урдунехь а хьалхара меттиг яьккхира цара. Говзанчаш бу вай. Темаше болундела Рамзан волчу богIуш хир бу-кх къоман гвардин баьчча. Кадыровн тобанаш тешаме хир бу аьлла хета суна. Амма, ша дерриг тIехь волчу Далла бен ца хаьа-кх».

Цхьа шо ах шо хьалха, нохчийн эскархой, Урдунехь хьалхара меттиг яьккхинарш, цига бахале цхьана баттахь Iаморшкахь бара Къоьзан Iоман йистехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG