ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркера бусалбанаш кечлуш бу харжамашна


Трамп Доналд Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хIоттахь, шайн маршонаш а, бакъонаш талхорх кхоьру цу махкахь беха бусалба нах. Цунна ду цара дукхачу хьолахь Клинтон Хиларина кхаж тосур хиларан бахьана.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хин болу президентан харжамаш тергонехь латтабо дерриге дуьнено.

Республиканхойн кандидат волчу Трамп Доналдо бусалба нахах ечу комменташа сингаттам кхуллу Iамерикехь бехаш болчу бусулбачу нехан дегнаш чу. ХIинццалц маьрша бехна хилла уьш хIинца саготта бу Трамп толахь, Iамерикехь баха шайна мел маьрша хир ду бохучунна.

Шайн кхолламана сагатдаро Iамерикерчу бусалбачу нехан ойла тIеярзийна хин болчу харжамашкахь жигара дакъалацарна.

ТIебогIучу президентан харжамех лаьцна а хаттарш делира ас КЭАР олучу бусалбачу нехан уггаре а йоккхачу адамийн бакъонашларъечу тобанан декъашхочуьнга, Мако Ф Робертига. Иза КЭАРан Iедалан гIуллакхехула директор ву.

Iамеркерчу бусалбачу наха хьана кхаж тосур бу аьлла хаьттича, иштта жоп делира Мако Роберто:

"Cхьахетарехь Iамерикерчу бусалбачу наха демократийн партин кандидатана гIорто йийр ю. Оха кхаж таса бакъо йолчу бусалбачу нахана юкъахь таллам дIабаьхьира Зазадоккхучу - баттахь.

67 процент наха шаьш демократийн кандидатана – я Хилари Клинтона, я Берни Сандерсана – кхаж тосур бу элира.

Цу хенахь Сандерс а вара президентан дарже кхача къовсамехь дакъалоцуш. КЭАРан йиш яц цхьанна а кандидатана гIорто ян, амма оха нахе доьху ара а довлий, шайна бегIийла хетча агIор, шайн дог ойла цхьаьнайогIучу кандидатана кхаж таса бохуш".

Хьалха хиллачу харжамашкахь бусалбачара дукхачу хьолахь республиканхошна кхаж тосура церан консерваторе мехаллаша шайна герга хетарна, ткъа хIинца хIунда хийцаелла церан дог ойла аьлла деллачу хаттарна ишта жоп делира Роберто:

"2000 чу шарахь дуьйна республиканхойн парти исламофобин политикан эпицентр а хилла, дIахIоьттина Iамеркехь. Харжамийн компани дIахьочу юкъана дукха бусалбачу нахе цабезам кхуллу тобанаш дIакхета цу партин президентан кандидаташна гIорто ярхьама.

Тхо теш долуш, тхуна гина бусалбачу нахана дуьхьал йолу реторик республиканхойн коьртачу политикан дакъ хуьлуш юйла а, цара и партин платформа санна тIеоьцуш хилар а, бусалбачу нахана вончу агIор тIеIаткъам бе сацамаш тIеоьцуш хилар а.

Ткъа и бахьанехь дукха бусалба нах цу партина юкъара дIабевлла. Цу хьокъехь дагадаийта догIу 40 эзар бусалбачу стага Джордж Бушана кхаж тесира 2000-чу шарахь цхьана Флорида штатехь.

Цу харжамийн жамIана тIеIаткъам бинарг масех эзар кхаж бара. Хала хеташ делахь а, 2016-чу шарахь хин болчу харжамашкахь цу кепара гIорто гур яц республиканхошна, Трамп бусалбачу нахца къаьстина цабезам лацар бахьанехь".

Цхьайолучу бусалбачу пачхьалкхашкара нах Iамерке чу ца бита ша сацам тIеоьцур бохург кхочушдийр ду аьлла хетий хьуна Трампо аьлла хаттар дича, ишта жоп хезира тхуна:

"Трампо хуьйцу шен дог ойла муьлхачу пачхьалкхашкара бусалба нах ша террорхой лору бохучун хьокъехь. Ши кIир хьалха Германерачу бусалба нах а чубахкийтаран хьокъехь бехкамана юкъабогIийтур бу ша аьлла цо.

Трампо схьадийцарехь бусалба экстремисташ юкъабахана пачхьалкх ю иза. Тхуна билгал ца хаьа Трампо хьалхатоттур политик хIун хир ю, амма билгал хууш ду и бусалбачу нахана дуьхьал озабезам болуш хир юйла.

Iамерикан могIарара вахархо хиларе терра, со саготта ву нагахь санна Трамп президент харжахь, сайн кIантана шен Къилба Азера ненан да а, ненан нана а Iамерикехь уьш ган йиш ца хиларна".

Трамп бусалбачу нахана сел чIогIа лер а, дуьхьал хилар а стенца доьзна ду аьлла хета хьуна аьллачу хаттарна а жоп делира Роберто.

Трампан гоно Исламафобин хьежам болу нах тIеоьзна Iамерикан Исламофобин машина юкъара. Царна юкъавогIу керстачу тIемалойн декъашхо хилла волу Валид Ферас.

Иза ву Ливанехь цигарчу бахархошна юкъахь хиллачу тIамехь бусалбачу нахана тIелатарш де баьхна хилла волу стаг. Цул совнах, цхьана хенахь керста Дела бусалбачу Делал воккхах ву аьлла кхин цхьа а инарла а ву Трампана хьехамча.

Цо бакъдира Iиракъе эскар дахийтар а. Амма тхуна Трампан бусалбачу нахана дуьхьал болу хьехамчаш бусалбачу нахах дуьйцучу туьйранех тешаш буйла-м хаьа. Цара харца туьйранаш даржадо бусалбачу нахах лаьцна.

Царах цхьамма 'Бусалба Вежаралла' тоба террорхойн ю аьлла дIакхайкхира, амма карарчу хенахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедало иза террорхойн тоба ца лору. Цара Iамерикан бусалбачу нехан арарчу бусалбачу тобанашца йоцу уьйранаш ю бохуш туьйранаш кхуллу.

Уьш теша ‘Бусалба Вежаралла’ тобано Iамерикерчу бусалбачу нехан политикан инфраструктуран мел йолчу агIонана Iуналла до бохучух. Ткъа иза бакъ дац.

Хьуна муха хета кху харжамашкахь Iамерикерчу бусалбачу наха жигара дакъалоцур дуй аьлла а хаьттира оха Роберте:

"Цу тIехь цхьа шеко яц. Бусалба нах кхаж таса алсам дIаязалуш бу Iамерикехь. 2012 –чу шерца дуьстича, бIеннаш эзар алсам бусалба нах бу кхаж таса дIаязалуш. ХIинца кхаж таса дIавазвелла 800 000 бусалба стаг ву.

Оха дIабаьхьначу талламо гойту царах 60 процент стаг ву харжамашкахь дакъалаца дагахь. Ткъа хьалха 15 проценто бен ца лоцура харжамашкахь дакъа.

Тхо тешна ду кху харжамашкахь дуккха а бусалбачу наха дакъалоцург хиларна. Ткъа хIинца кху харжамашкахь бусалбачу нехан юкъараллин аза хезаш декар ду".

Iамерикан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хин болчу президентан харжамийн жамI билгалдер ду кху шеран лахьан баттахь.

Схьагарехь, цу жамIана тIеIаткъам бан дагахь бу хIинццалц дукхачу хьолахь харжамийн юьстах лаьттина хилла болу кху махкахь беха бусалба нах а.

XS
SM
MD
LG