ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонехь маьршачу нахана тIелетта зуламхо


Кхаарий буса Лондонерчу Рассел-скверехь карахь урс долуш маьршачу бахархошна тIелатар дина 19 шо долу жимстаг лаьцна аьлла даржийна БиБиСи-но меттигерчу полисхойн хаамашна тIе а тевжаш. Иза ву Норвегин вахархо Сомалира орамаш долу. Зуламхочо урс диттина елла йоI Лондонан яхархо хилла.

Ткъа цо чевнаш йина дарбанан хIусамашка кхачийна 5 стаг Израилера а, Iамеркера а, Британера а, Австралера а хилла. Полисхойн хьукмато даредарехь цкъачунна хууш дац, ю оцу жимачу стеган дуьненаюкъарчу талорхойн тобанашца зIе я яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG