ТIекхочийла долу линкаш

Кхаарийдинахь Нохчийчуьрчу полисхоша Соьлж-ГIаларчу дин лелош пайда оьцу гIирсаш бухкучу туьканашкахь талламаш бина бехкам бина литература лоьхуш. Амма магийна йоцу киншкаш ца карийна шайна аьлла хаамбаржийна чоьхьарчу гIуллакхийн декъо зорбанехь.

Туьканийн долахой резабацар хеза, цу тайпа ревизеш кес-кеста йо шайна боху цара. Талламаш бар тIедожийнера полисхошна мехкан куьйгалхочун администрацин динца а, юкъараллашца а зIенаш латточу департаменто, хаамбо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн хьостано.

XS
SM
MD
LG