ТIекхочийла долу линкаш

Рио-де-Жанейро 2016: Олимпан цIе кхаьчна стадионе


20I6-чу шеран Олимпан ловзарш дIадолор ду пIераскана буса Рио-де-Жанейрерчу «Маракана» стадионехь. Ловзарш долош хезар ду дуккха а мукъамаш, хьовсархошна гур ду бразилхойн цIеяххана хелхарш. Си-Эн-Эн телекомпанино хаамбарца, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара 3 миллион гергга адам ду церемонига хьажа лерина. Оьрсийчоьнан Олимпан комитетан куьйгалхочо Жуков Александра тоьшалла дарехь, Дуьненаюкъарчу Олимпан Комитето 271 Оьрсийчуьрчу спортхошна бакъо елла дакъалаца дуьйлалчу ловзаршкахь.

Хьалхо Дуьненаюкъарчу спортан федерацеша Оьрсийчоьнан спортхой Олимпан ловзаршка ца бита бина сацамаш хийцина Дуьненаюкъарчу Олимпан комитетан леринчу комиссино. Юьхьанца Оьрсийчуьрчу 387 спортхо вара Рио-де-Жанейре ваха векалвина, ткъа еарийдийнахь комиссино цIе яьккхинчу 117 спортхочун бакъо яц ловзаршка ваха.

Еарийдийнахь Рио-де-Жанейрехь полисхоша дIасалаьхкина Олимпан цIе гIаличу ца яийта гулбелларш. Масех бIе дуьхьалончаша некъ лаьцнера олимпан цIе гIаличухула чекх ца яккхийтархьама. БIаьргаш Iийжон газ а хецна, адама а къахкош, полисхоша маьрша баьккхира некъ. Марсхьокху-бетан 5-чу дийнахь доладелла Олимпан ловзарш 2I-чу дийнахь дерзор ду.

XS
SM
MD
LG