ТIекхочийла долу линкаш

Медведев даржах вохор доьху хьехархоша


Медведев Дмитрийна йина шарж.

Медведев Дмитрийна йина шарж.

Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий даржах мукъаваккхар доьхуш интернетехь кхоллаеллачу тобан дехарна бухязвелла еарийдийнахь дуьйна схьа 150 эзар вахархо. И интернет-кхайкхам айбинчу авторо яздо, «балхо ца кхобучу хьехархошна кхечунхьа кхаллар леха бохучу стеган меттиг яц Iедалехь».

Массех де хьалха кегийрхойн дешаран форум йоьдуш Дагестанерчу университетерчу Iилманчас хьехархой алапаш лахара ду аьлла латкъамбича, ахча даккха балхаца боцу кхин некъаш а каро беза шайна хьехархошна, элира Медведевс.

Интернетехь гулдечу протестан куьйгаша Iаткъам ца бо пачхьалкхан дакъошна, низамо ца во стагга уьш тергалдан.

XS
SM
MD
LG