ТIекхочийла долу линкаш

Байначу беттан 14-чу дийнахь Францерчу Ниццехь динчу терактехь зенаш хиллачийн терахь лакхадаьлла. ПIераскандийнахь кхерамечу хьолехь дарбан цIийне кхачийна 56 шо долу Пьер цIе йолу стаг. Францин дуьненаюкъарчу радионо хаамбарехь, Бастили яьккхина де даздархьама Савойа олучу регионера веана хилла Пьер цу деношкахь шен доьзалца Ницце.

Талор динчу заманчохь елла цуьнан зуда Франсуаза, 4 де даьллачул тIаьхьа, байначийн тептаршкахь хилла церан йоI йийна карийра. Ишта Пьеран 14 а, 33 шераш долчу доьзалхошна чевнаш йинера.

Терактехь лазийнарш тахана а дарбан цIеношкахь бу, гIоле хиланза.

XS
SM
MD
LG