ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркарчу Пенсилвания штатехь вехачу Гюлен ФетхуллахIан адвокаташа дIахьедо, шаьш ларвечу Гюленан дахар кхерамехь ду, цунна кIелоярна кхоьру шаьш аьлла.

ПIераскандийнахь Вашингтонехь йоьдучу пресс-конференцехь адвокаташа аьлла, Гюлен ша вехачу штатехь вуьсур ву кхи дIа а. Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ дагахь яц Гюлен Туркойчоьнан Iедале дIавала, хIунда аьлча, цара шайга дахкийтинчу кехаташтIехь тоъал тоьшаллаш дац, Гюлен Туркойчохь карчамеа бехке хиларан боху Вашингтоно.

XS
SM
MD
LG