ТIекхочийла долу линкаш

Цхьа юкъарчу дешнашций бен, кхин дIоггара яьлла ледарло-гIалаташ довзийтар а доцуш, цхьаьнаметта ворхI коьрта лор балхара дIаваьккхина Нохчийчохь.

Мехкан прокуратуран а, могушаллин министараллин а хьостанаша гIардаккхарца тайп-тайпанчу дарбанан цIийнашкара цхьаьнаметта ворхI коьрта лор вохийна балхара.

Ишта бен-бечу жоьпалле вехна лоьрийн хьукхматера исс маьхькIамхо а. Низамхоша хааме даккхарца коьрта лоьраш цу даржашка дIахIиттош, хьакъдерш къасторан кеп-къепе йохийна а хилла, ткъа царех цхьаберш кхачо йоллуш говзалла тоаме йолуш а бац цу даржашкахь къахьега.

Цул сов прокуратуран говзанчаша чIагIдарца динчу зераша гайтина могушаллин министаралло белхан меттигаш шуьйрра гIарьяьхна цахилар а, цу урхалло шен белхошна, цара хьоьгучу къина а,церан кхиамийн а цхьа кIорге йоцу мах хадош, совгIаташ дина хилар а.

Цу кепара прокуратуро динчу зерийн бух тIехь могушаллин министаро шеен омрица даржашкара дIаваьккхина ворхI коьрта лор. Цкъачунна гIардаьккхина дац уьш муьлхачу лазарнашкара, кIошташкара лоьраш бу.

Церан хьокъехь шайна хетарг довзуьйтуш, вонна а, диканна а дош хазо лууш бац кхиболу лоьраш.

Ткъа могIарерчу бахархошна хетарг хаа воьлча гучудолу, церан чIагIбелла хьажам хилар: лоьраш балхара дIабахаро, адам реза а деш, могушаллин министараллин болх тобийр бац.

Цара кхеторехь бакълена а иза лартIа а, куьце а бало Москвара дуьйна охьа, хIумма а гомха доцу охана а деш, ахкаме билла беза лоьрийн урхаллин болх.

Ишта хьажам болчех ву Соьлжа-гIалара Абуев Ваха. Лоьраш бечу белхан мах хадо тоьуш ду боху Вахас, Москвара схьа, телевизионехь гайта а гойтуш,берашна дарбанаш лело хьовсархошка сагIанаш дехар. Ваха ву дуьйцуш.

Ваха: «Оьрсийчохь министар тIера дуьйна охьа хийцамаш ца бахь лоьралла дикачу агIор толур дац. Цигара охьадогIуш ду дерриге а. Цара дIайоьху,хIорш дIа ца елча ца бовлу.

ДIалуш ца хилча пIелг а ур-аттал дIабоьхкуш бац. Молха дерг а, кехидерг а лазарнешка кхочуьйтуш хилча,лоьраша уьш дIакхачор дара аьлла а хета суна. Оцу берашна цара доьху сагIа тоьур ду кхин хIумма а ца хилча а.

Со-сайх эхь хеташ Iа-кх со и заьIапхой гойтуш. Оьрсийчохь миллиардераш ма бу шортта: Сечин, Путин кхиберш а. Царна гIо дан тарой олуш ма бу уьш. Цара стенна ца до гIо? Лоьраш хийцарх гIуллакх хир дац. Ахь керла нуьйр тилларх говр хийцалуш ма яц. Нуьйр йита а йитина хийца езарг нуьйр ю».

Лоьрийн коча а ца оьхуш, бух болуш а боцуш а царна таIзарш а ца деш, лазархошна мел оьшу молханаш а, гIирс-коьчалла а хилийта богIура Iедало дарбанан цIийнашкахь боху цхьаболчара. Иштачех ю Соьлжа гIалин кIоштера Махмудова Малкан а.

Малкан: «Сайн аьллар хилча ас нахана бакълена а маьхаза молха леладойтур да-кх лоьрашка. Ког баькх-баьккхинчохь охьадуьллуьйту цара ахча. Таро йолчара-м лора иза и йоцурш дукха ма бу. Лор дIаваккхарх пайда ма бац! Церан хIун бехк бу, дIадала молха а ца хилча, оьшу гIирс а ца хилча?»

Лоьрех къамел дерзош хьахо догIу, гарехь, карарчу хенахь бIеннашкахь вайнехан векалш шайн зIаьIапчу берашна, гергарчарна дарба кароре сатуьйсуш, Европе а яьккхина, бен-бечу пачхьалкхашкахь дIасабаьржина хилар.

Жимма а хьекъалехь волчу кхетадо – Оьрсийчоьнан могушаллин министаралло, бакълена а бала а кхочуш, шайн терго еш хиллехь, генара хийра некъаш а ца гездеш, царех дукхахберш цIахь хирг хилар

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG