ТIекхочийла долу линкаш

... Изза дара лаьмнаш, бацара даймохк


Гермчиг, 2016 шо. Бетишев Хьусайн

Гермчиг, 2016 шо. Бетишев Хьусайн

Ненан карахь волучу заманчохь мостагI лерина Сибрех хьажийна Гермчигара Бетишев Хьусайн, шен 13 шо долчу хенахь, гIенахь бен ган йиш йоцучу дай баьхначу Нохчийчу варах.

Дукха ца бисина депортаци шайн догIамашца, синошца лайна вайнах. Ткъа къоначу чкъоьрнашна и зама йицъялийта Кремлан лаамца дерриг а леладо, хьахийнарг набахте а хьажош, лурчаха Кутаев Руслан санна.

Делахь а, оьшу и хIетахь къоманна тIехь латтийна гIело дагахь латто.

ХIунда аьлча, Гамзатов Расулна а дайна, ахь селханене тапча кхоссахь, кханено йоккха топ кхуссур ю хьуна дуьхьал.

ДIадаханчу кIирандийнахь ас вовзийтира Гермчигара Бетишев Хьусайн.

Карладоккху.

72 шо хьалха Сталинан омраца махкахь баьхна, Юккъерачу Азе вайн къам дIадохийначу заманчохь 1954-чу шарахь Нохчийчу веанчу Бетишев Хьусайнах лаьцна яра иза.

Бетишев Хьусайн а, Ведзижев Энвер а спортхойн тобанехь Казахстанера Нохчийчу а кхаьчна, Хьусайн шен доттагIчуьнца ша винчу Гермчигахь, дагахь а доцуш, нохчийн зудчунна Келиматна тIенисвалар хьахийнчахь хедира вайн хьалхара дакъа.

Иза мила яра? Муха нисделла хиллера нохчийн доь а ца дитинчу даймахкахь Келимат нисъялар?

XS
SM
MD
LG