ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажаройн заррат талларан физик вийна


2009-чу шарахь Iамерке дIа а вахана, юха шен махка вирзина заррат талларан физик Амири Шахрам ирхъоьллина ГIажарийчоьнан Iедалша. Би-Би-Си-не Шахрама нанас бина и хаам. Заррат толлу физик Амири Шахрам 2009-чу шарахь вайнера хьаьжцIа вахханчохь.

Шо даьлча Iамеркехь гучувелира иза. Iилманчас чIагIдира хIетахь, ша Iамеркан къайлахчу сервисаша лачкъийнера, гIажаройн зарратан программех хаамаш шайна схьабийцийтархьама. Ткъа талламчаша иза бакъ ца динера, церан болчу хаамашца, Амирис шен лаамехь юкъаметтиг дIакхехьна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташца. Физик вайна дукха хан ялалае, хаамийн гIирсашкахь даьржира гIажароша уранца заррат толлу аьлла.

2011-чу шарахь пачхьалкхана ямарт ваьлла аьлла бехктакхаме гIуллакх айдинера Амирина дуьхьал. Дахначу шарахь цуьнан дас ша шен кIентан кхерамзаллина саготта вуйла дIахаийтинера. Оцу хенахь дена-нанна шайн кIантах хилларг Iедало ца хоуьйту шо сов хан яра. Дуьненаюкъарчу эксперташкарчу хаамашца, 2015-чу шарахь ГIажарийчохь эзар гергга стаг вийна Iедалша, дукхахберш царлахь кегийнах хилла.

Евроберто Охан-баттахь кхин дIа а яхъйира ГIажарийчоьнна шаьш тоьхна санкцеш, оцу пачхьалкхехь адамийн бакъонаш талхош хиларца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG