ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши тIевеана стаг вадийна Кабулехь


Iамеркахо а, австралахо а лачкъийна ОвхIанистанехь. КIиранан буса тIеман барзакъахь болчу наха Кабулехь Iамеркан Университетна гергахь, машен а сацийна, вигина и шиъ. ТIечIагIбаза болчу хаамашца, университетан белхахой бу бовдийнарш.

Ши кIира хьалха Кабулехь иштта, тIе герза а хьажийна, вадийра хIиндойн гуманитаран юкъараллера белхахо. Ткъа стохка вадийна кхин кхо арахьарчу мехкан вахархо мукъаваьккхира дукха хан йоццуш. Массех бутт хьалха йигина, хIинца а йолу меттиг хууш яц авсралахочун Вилсон Керри Джейнан. И тайпа зуламаш, маьI-маьIIехь лелха тIемаш а санна, совцуш дац ОвхIанистанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG