ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сесана боьдуш некъ бац...


Бутт гергга хьалха хиллачу тIекхарша тIай а дохийна, юьрта машен йоьдийла доцуш Iийначу Нажи-Юьртарчу Сесанахь меттахIоттош бу некъ, хаамбо Нохчийчоьнан некъийн министралло.

9 чаккхарма некъ бу меттахIоттош. Белхаш берзо дош делла министралло кIиранах.

Иштта дохийна меттахIоттодезаш ду Сесанахь 48 цIа. Амма и юьрт хилла ца Iа тIокхамаша йохийна, къаьсттина зенаш хилла Нажи-Юртан а, Шуьйтан а кIошташкахь. Амма хилла гIо кIезиг ду, юьртахоша тоьшаллаш дарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG