ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлш бу Кадыровца гIант къовса хIуьттурш?


Карарчу хенахь Iораяьхна парламентан а, мехкан куьйгалхочун а гIанташ дIалеца лаамболчу кандидатийн цIераш, жигара баьккхина харжамийн комитето шен болх а.

Кху шеран Охан-баттахь Кадыров Рамзанан Нохчийчоьнан урхалла ден хан чекхъяьллачул тIаьхьа, массо а политикийн, могIарерчу нехан а гонашкахь хеттарш хIуьттура: хIун хир ду-те кхи дIа?

Вуьсур-те Кадыров кхи дIа а шен даржехь, хIун дагахь ю-те Кремл?Путин,

Путинна муьтIахь болчара, Кадыров хийцина, цуьнан метта хаон цуьнга кхочуш стагга а вац, бохуш кхаийкхадора.

Цхьаболчу тергамчийн дегайовхо самаелира, тIаьххьарчу шарахь кес-кеста мехкан куьйгалхочо Путин юхьIаьржа хIиттаво дуьненна хьалха, цундела там бара цо и цамаго, бохуш.

Зазадоккхучу-баттахь Путин Владимира шен омраца чIагIвира Кадыров Рамзан ханна Нохчийчоьнан куьйгалхочун декхарш кхочушдан, лаккхара мах а хадош цо динчу гIуллакхийн.

«Кху тIаьххьарчу шерашкахь хьайн къоман хьашташ кхочушдина ца Iаш, хьо ерриг Оьрсийчоьнна вара сема, цундела со тешна ву, харжамашкахь ахь дакъалоцург хиларх», аьлла тIе а тухуш, там бира президенто Путин Владимира ша хIоттийначу Кадыров Рамзанна.

Жигара баьккхина дIахьош бу махкахь харжамашна кечамаш.

Карарчу заманчохь мехкан куьйгалхочун гIант къовса харжамийн комитето билгалваьккхина, чIагIвина 4 кандидат, Кадыров а лерича.

Муьлххачу хиламна сема хуьлучу тергамчаша даредарехь, царех кханнан цIераш гонашлахь дикка евзаш а яц.

Масала, Нохчийчуьрчу совдегарийн бакъонаш ларъен векалтан куьйгалхо Усманов Идрис хIинцца вийцареваьккхина зорбанашкахь боху цара.

Усманов Идрис
Усманов Идрис

Ткъа регионерчу «Нийсонан Оьрсийчоь» партин куьйгалхо Денильханов Султан а вац башха гIуллакхашкахь дика а, вуон а шен цIе яккхийтина.

Денилханов Султан
Денилханов Султан

Коммунистийн партино КПРФ-но хьалхатеттина кандидат, Нохчийчуьрчу Юкъараллин Палатин куьйгалхо Батаев ГIайрсолта а дагахь ву мехкан урхалла дан лаам болчех.

Батаев ГIайрсолта
Батаев ГIайрсолта

Батаевн куьйгакIел Юкъараллин Палатехь 5 шарахь болх бинчу бакъонашларъярхочуьнца Мальсагова Асетца зIе хилира Маршо Радион.

Мила ву Нохчийчоьнан урхалле кхача лаам хилла Батаев ГIайрсолта? Мегар дуй цунах къоман кхане тешон аьллачу хеттаршна иштта жоьпаш хазийра Асета.

Малсагова Асет, бакъонашларъярхо
Малсагова Асет, бакъонашларъярхо

Мальсагова: «Батаев ГIайрсолта хьалакхоьсича шолгIачу дийнахь бен ца вогIур воцуш, веса стаг ву. Оцу 5 шарахь ас цуьнца болх бечу хенахь питанашший, ямартлонашший лелор бен нохчийн къомана цуьнах баьлла пайда бац. Батаев санна волчу куьйгалхочух вайн халкъ а, вайн мохк а Дала лардойла!»

Кадыров Рамзанца дарж къовсучу кандидатца, Юкъараллин Палатин хьаькамца Батаев ГIайрсолтица а хилира тхан, доцца нисделлехь а, дистхилар.

Батаев: Цкъачунна сайн некъах лаьцна хаамийн гIирсашкахь Iорадаккха ца лаьа суна, хIара хьалхара процесс хIинцца бен йирзина а яц, масех де даьлча кийча хир ву со дийца айса дан леринчух. Дуккха а Iалашонаш а, кхидерг ду, тахана интервьюна кийча вац со.

Маршо Радио: Мел шансаш ю хьан толам хьайгахь хир бу аьлла?

Батаев: Ца хаьа. Къомо бийр бу шен харжам!

Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь Мехкан куьйгалхочун харжамаш дIабахьа кечамаш бечу Нохчийчоьнан харжамийн комитетан куьйгалхочуьнца Байханов Iумарца а тасаделира Маршо Радион къамел.

Байханов Iумар
Байханов Iумар

Байханов: Махкахь дикка бовза а бевзаш, нахана дош а хеташ нах бу кандидаташ. Кадыров Рамзан санна бевзаш-м бац уьш!

Мила тоьлар ву, хьенан алсам шансаш ю суна ала ца хаьа, халкъо ша бийр бу шен къастам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG