ТIекхочийла долу линкаш

Евробертан санкцийн тептаршка ваьлла Оьрсийчуьра ши вахархо


Европан берто санкцийн тептара язвина кхин а шиъ Оьрсийчуьра вахархо – гIезало Вахитов Айрат а, нохчо Бютукаев Аслан а, уьш «Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобанийн агIончаш а лоруш.

И хаам бу Евробертан официалан журнало зорбане баьккхина. Иштта Iамеркан Штаташа а ву и ши стаг бахначу баттахь дуьйна шен и санначу тептартIе язвина.

XS
SM
MD
LG