ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн дуьххьара мухIажирш Европе баьржачу шерашкахь, хIора махко шен векалш дуьхьал а оьхуьйтуш, дIалехьабора уьш. Дог лозура тIемаша дакъазбаьхначех.

Ткъа тахана, вай девзинчел тIаьхьа?! Польшерчу дозанхоша Европан кевнех чекх ца бовлуьйтуш, эзарнашкахь лаьтта нохчий. Стенний? Вайх дуккхаъчаьргахь оьздда нехан мехкашкахь даха гIиллакх ца тоарна.

YouTube. Францехь ловзар. Дерриг а тоьлла ду. Машенаш а езачех ю, къонахий а тоьлла бу, мехкарий а хаза бу. Амма...

Хьомсарнаш, вай муха дезийла ду кху кепехь аьхаза а лелаш?

Францхо воккавер ву кхарел тIаьхьа шайна нохчо вайча, олийла дуй цо нохчийн къам оьзда а ду, цхьанна а новкъа а дац?...

Бу баккъал а шайн къоман цIе язйинарш а, язйийраш а. Амма цинц а ца буьсу-кх церан дикаллах юкъараллехь, уьш бехачу махкарчу кхечу нохчаша шайх чекхсагайтича.....

Дац шун дан дозалла я шайх а, я шайн кепах а, Францерчу кху ловзаргахь машенашца, леларца гонахарчу адамна бала а бина хьийза, ва нохчий!...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG