ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гюльмендехь тIемаш бу тIалибашца


Afghanistan -- Afghan security personnel prepare for combat during an ongoing battle with Taliban militants in the Nad Ali district of Helmand, August 10, 2016
Afghanistan -- Afghan security personnel prepare for combat during an ongoing battle with Taliban militants in the Nad Ali district of Helmand, August 10, 2016

ОвхIанистанан къилбанерчу Гилмен провинцин коьртачу Лашкар ГIахI гIала кхаарийдийнахь эскар оьзна мехкан Iедало, иза тIалибаша яккхарна кхоьруш. Оцу лаьттан губернаторо Iатал Керима дIахьедина, шайн шахьар гонехь ю, Iедалан ханаш юхадевлира тIалибашка хIаллак ца дайта, аьлла.

Ткъа хIинца, цо бахарехь, гIоьнна кхаьчначу керлачу ницкъаша дIакъевлина гIаличу боьлху некъаш, оцу бахьанийца кхачан мехаш Лашкар ГIахIехь лакхабевлла. Iамеркан а, овхIанистанан а кеманаша ракеташ етташехь, тIалибаш ларабелла провинцин шахьар а, кхин цхьа гIала ГIармсер а гоне лаца. Иштта тIемаш бара боьлхуш кхаарийдийнахь провинцерчу Наде-Iали гIалина гонах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG