ТIекхочийла долу линкаш

Украинан президенто Порошенко Петрос буьйрдина, ГIирманна а, Донбассна а гергарчу экаршна сема хила, тIеман гIуллакхна муьлххачу а хенахь кийча хила, аьлла. Оьрсийчуьра хезачу къамелан лорах ду и буьйр, аьлла цо. Иштта, еарийдийнахь Украинан инарла штатабан пресс-гIоьнчас а аьлла Рейтере, шайн мехкан эскарш Iамораш дIахьош ду пачхьалкхан къилба декъехь. Цо бахарехь, Оьрсийчоьно деза герзашца дуьйлина тIеман дакъош дIагулдина ша дIалаьцначу ГIирме.

Украинан дозанхойн векала Слободян Олега а хаамбина, «оха шеко а йоцуш чIагIдо, биъ бутт хьалха дуьйна а долийна Оьрсийчоьно дозане цхьа дакъош кхечарех хийца, тIедуза, оцу эскаршкахь керла герзаш а ду, дакъошлахь тIеман десант а ю», - аьлла.

Украина семахила декхаре йинарг ду кхаарйидийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путина, Киево ГIирмера хьал дохадо цига диверсанташ а хьийсош, алар. Ткъа Киево оцу къамелах иза «маьIна доцу цинизм ю», аьлла.

XS
SM
MD
LG