ТIекхочийла долу линкаш

Юха а мотт, дуккхаъчу нохчаша, хIан-хIа , аш стенгара схьаэцна вайн мотт леш бу бохург, мотт лелаш а хилча, хууш а хилча, олу. Ткъа цунна орцахбуьйлучара хIун до, уьш стенна гIерта доцург чIагIдан?

Жимма а нохчийн меттан терго ечунна,бала кхочучунна къайле яц,дика хьал дац тахана ненан маттехь. Иза къоман кхане хиларе терра цунах даггара дог лозуш,шайн ницкъ кхочучу барамехь цунна орцане мохь бетташ, каде хьийза цхьаболу яздархой а, Iилманчаш а, ишколашкара хьал чуьра дуьйна девзаш болу,и мотт леш гуш болу хьехархой а.

Бакъду, цара ненан маттана гIо даре,иза Iуьллучуьра гIатторе кхойкхуш, бетта лазаме мохь хаза лууш стагга а вац. Хьалха санна шарахь цкъа хьехо боккху Iедалдайша ненан мотт,совгIаташ а до хьехархошна шарахь цкъа, амма шо-шаре мел долу,доьшийлашкахь эшадахь бен тIетухуш дац хьоме мотт Iаморан сахьташ а.

Нохчийн меттан хиндерг,кхузара дерриге а къома а, эшаме, декъаза гучу говзанчаша дуьйцург хаззане ца а хезаш къорбоьлла,цунна дика тIеIаткъам бан таро йолу Iедалхой.Вала вижинчу дархочунна дан амал доцуш,гIаддайна, гонах хьийзачу гергарчу са-стагах тера,нохчийн маттера ледара хьал ган а гуш, дан гIо доцурш дукха бу.

Царех ву Ножай юьртан кIоштера истори говзанча,ненан меттан агIонча а, доглазархо а волу Ахматов Iаднан. Цо боху: » Нохчийн маттехь тахана орца даккха дезаш вон хьал ду. И бийцар,цу маттахь яздар талхош коьрта дакъа лоцуш бу хаамийн гIирсаш а. ТIаьбуьсуш бац цу декъехь бусалба динан дай а,- боху Ахматов Iаднана.

Ахматов: «Iедалехь болу нах-маьхькIамхой,хала хеташ делахь а, нохчийн метта юкъа оьрсийн мотт хьекхош бен къамел дан хууш бац. Доккхачу декъана дешна нах шайн диалект нохчийн хеташ бу. Цара къамелаш а до шемало,бабос,вашо,йишо,кIанто,зудо,саго бохуш къамелаш хазадо. Вайнехан гIиллакхаш,Iадаташ,амалш нохчийн мотт дика хуучунна бен хуийла адац кхачо йоллуш».

Нохчийн ву бохучу гочдархочо,байтанчо,карарчу хенахь Францехь волчу Хатаев Хьусайна боху.»Нохчийн мотт дика хууш волчу стагна боху Хьусайна,иза жима велахь а,воккха велахь а,цунна гIиллакх-Iадаташ а,ламасташ а хуур ду, иза оьзда а хир ву, и нохчийн мотт ца хуучунна уьш хаъане а ца хаьа, цундела цо шена кхидерг луъург леладо-кх. Ишта боху Хатаев Хьусайна.

Хьуна хIун аьлла хета ? Цу хаттарна жоп луш ву ненан меттан хьехархо,байтанча Цуцаев Iалавди.

Iалавди: «Деллахь ма нийса ду и дах!Цуьнан ойла йина а аса а кху тIаьхьарчу хенахь. Цу маттерра схьа ду-кх къоман гIиллакх а.Iадат а.ламаст а,психологи а. ХIинцца тIаьхьарчу хенахь бен цунах кхета а ца волавелла-кх со. Массо хIуманан бухехь и мотт бу –кх. Вайн халкъалахь буьйцуш ма-хиллара и мотт бийцаро цу матто ша латтаво-кх стаг шеен къоман гIиллакхийн гурахь».

ХIинцца нохчийн маттах къамел диначу Цуцаев Iалавдех тера матто лов гIелонаш,цунна бо ницкъ гуш берш кIезиг бац яздархошлахь а,хьехархошлахь а,Iилманчийн гонехь а. Цунах,басарш ца кхоош, хастаме, деза дуьйцуш берш а бу шортта Iедалехь.

Амма банне бац иза гIатто,бацо,цунна чу садаийта ницкъ боллушехь,бакълена а и дан гIулч яккха лууш берш. Цундела цхьаболчу яздархошна,Iилманчашна моттарехь, и ца хилча амал а дац,къоман кхане а яц бохуш,хаза а дуьйцуш, тIаьхьара тетта а тоьттуш бухбацаре бохуьйтуш,леррина болуьйтуш бу ненан мотт. Ишта хьажам болчарна хетарехь болуьйтуш бу тахана санна цунна гIо дан,иза гIатто таронаш хIинццалц схьа цкъа а хилла а йоццушехь,тIейогIучу ханна кхин даладелла таро хир ю ала а доццушехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG