ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иванов Сергей даржехь лахвина Путина


ЦIеххьана шен администрацин коьртера дIа а ваьккхина, шен цIарх экологех, транспортах тергоярхо вина Иванов Сергейх Оьрсийчоьнан президенто. Ткъа мукъабаьккхинчу метте хIоттийна Ивановн гIовс хилла Вайно Антон.

Путина и гIулч ша Ивановн шен дехарца яьккхина, аьлла. Оьрсийчоьнан агенталлаша бахарехь, вуьсуш ву Иванов пачхьакхан кхерамзаллин кхеташонехь. Ткъа хьалхо Иванов Сергей оцу кхеташонехь а ца вуьсу аьлла даьржинера.

Хьалха къайлахчу сервисехь (КГБ) эпсар хилла а, тIеман министр а, премьер-министран гIовс а лаьттина Иванов Путинан уллерчу гонера накъост лоруш вара. 2008-чу шарахь иза хIотта мега даржехь Iан тору хан а кхачийна, президенталла дуьтучу Путина меттигехь бохуш дуьйцура, амма хIетахь харжам Медведевна тIехь сацийра ша Путина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG