ТIекхочийла долу линкаш

Iабдуллас дарж дита боху ОвхIанистанан президенте


ОвхIанистанан Iедалан коьртехь волчу Iабдулла Iабдуллас критике ваьккхина президент Ашраф ГIани, цо халла хила боьлла къоман барт бохабо, аьлла.

Еарийн сарахь Iабдуллас телевизионехула ша динчу къамелехь элира, Ашраф хьакъ вац пачхьалкхан коьртехь латта, цунна юкъара болх дIакхехьа ца хаьа, харжамийн система реформе а ца ерзийна цо хIинца а. «Iедал лацаделла ду, министрийн аьтто бац цуьнга бистхила а» - бохура ОвхIанистанан министрийн кабинетан лидеро. «Сахьтехь ша къамел министршца деш, цо I5 минот а ца ло шега бистхила оьшучарна. Кхин собардоцург президент хIотта а ца оьшу», - аьлла Iабдуллас.

ГIанин офисо официалехь ца делла цкъачунна оцу къамелна жоп. Iабдулла Iабдуллин а, Ашраф ГIанин а юкъаметтигаш ийгIина ю дуккха а хан, 2014-чу шарахь президентан гIант къовса иза шиъ ваьлчхьана дуьйна схьа.

Ашрафах президент хилча, Iамеркан Штаташа юкъарло а деш, шенна Iабдуллина кхоьллира ОвхIанистанехь премьер-министран дарж. Амма махкахь хьал эшна а лаьтташ, ша шегара урхалла лело вуьтуш вац, олий, вистхуьлуш схьавеана Iабдулла.

XS
SM
MD
LG