ТIекхочийла долу линкаш

Кху карарчу марсхьокхучу беттан хьалхарчу итт дийнахь мехкан могушаллин министараллин говзанчаша Пятигорск гIалахь ,шайн хаарш шордеш, дешна пачхьалкхан урхаллин Лаккхарчу ишколехь.

Официалан чIагIдарца, цу хаарша гIо дийр ду 2017-чу шарна лерина республикехь программа кхуллуш. Лоьрийн урхаллин маьхькIамхошна хетарехь, цул тIаьхьа иза дахаре ерзийча, махкахошна дарбанаш лелоран хьелаш хаъал толур ду. Бакъду цу декъехь тешамал алсам шеконаш кхобуш берш дукха бу.

Царна моттане а ца моьтту Оьрсийчохь а,цуьнан кIошташкахь а лоьраша адамийн могушаллан терго яр а, дарбанаш лелор а адам реза а деш, кесталгIа хийцаме дер ду аьлла. Дарбанан цIийнашкахь къахьоьгучеран белхан мехалла лакха а йоккхуш,и болх хила безачу тIегIана баккха уггар хьалха лоьраш кхио беза аьлла хьажам болчех ву соьлжагIалахо Шовхалов Идрис. Цуьнца нисделла сан хIара къамел.

Идрис: «Лоьраш кхио беза,церан амал а кхио еза. Хаза гIиллакх а ца хилча,дог эца довха дош дацахь а пайда бац. Шен лазам,бала а эцна лазархо лоьраша тIевахча хаалуш дерг хIун ду. Уьш безабоь,тIечеха, цхьа декхар деха веъча санна. Молханаш хилийта а хьал хийца деза ша… Лоьраш хийцича а тодала тарло хьал ,Цхьана дийнахь ца хийцалахь,маца деъна цу тIе ца деъча ма ца долий гIуллакх…»

Лоьрийн болх хьокъехь вист хиллачу Шовхаловс тидаме эцна мА-хиллара,мел баккхий хийцамаш бича а пайда бац Iедало кхачо йоллуш цомгушчарна мел оьшу молха хуьлуьйтуш ца хилча, да ваххал токхамаш а беш,къайлах-къулах нахе эца а ца оьцуьйтуш. Схьагарехь, дарбане молханаш тоаме хилийтар санехь хуьлчух тера дац цхьаболчу хьоладайшна а, Iедалхошна а.

ЦхьамогIа бахархоша а.лоьраша шаьшша а ишта къаро йо: дарбанан цIийне деъна молха лазархочунна дIа а ца кхачош къайладоккхийла ян а яц. Стенна аьлча, боху цара, муьлххачу а лазарнехь, хьанна а ган йиш а йолуш, дIатоьхна хуьлу долуш долчу молханий цIерш. Цу хьокъехь сан къамел хилла Соьлжа гIалин цхьана дарбанан цIийнан лоьраца Мохьмадца.

Мохьмад: «Массо дарбанан цIийнехь молханаш дан а долуш ца луш Iойла дан а дац. Стенна аьлча могушаллин министаралло арадаккхинчу омрица массо молха цхьана билггалчу меттехь хьалаоьхна ду. Дархочун хьажа йиш ю дерг доцург а,билггал ду я дац дуьхе кхиа а хир дац атта. Соьга хаьттича тIаьхьарчу шерашкахь дарбанан цIийнашкахь молханашца долу гIуллакх хаъал битаме деъна..»

ТIаьххьара сан лоьраца деъначу къамелехь а,лач делахь,тусалуш дара,могушаллин министаралло мел оьшу молха дарбанан цIийнашка кхочуьйтуш цахилар.Маццалц яхлур ю могIарерчу наха молханаш цатоар бахьнехь лов халонаш а,беш болу токхамаш? Цкъачунна цу хеттаршна жоьпаш доцуш ду.

XS
SM
MD
LG