ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Церан кара ца кхочуш, валар тоьлу..."


Нохчийчохь лоьраш дIабаьхна балхара. Кхеташ ду иза нахана дарбадар лакхадаккхархьама, нийсо ярхьама аьлла яьккхина гIулч ю Iедало. Шеко а йоцуш, хийцамаш оьшу, уьш оьшийла массарна а го.

Нохчийчохь лоьраш дIабаьхна балхара. Кхеташ ду иза нахана дарбадар лакхадаккхархьама, нийсо ярхьама аьлла яьккхина гIулч ю Iедало. Шеко а йоцуш, хийцамаш оьшу, уьш оьшийла массарна а го.

Лоьрашца доьзначу хьолах хIоттийра Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Муха хета шуна, хийцадала хIумма а дуй медицинехь, дарбан цIеношкара лоьраш хийцарх. ХIун некъаш хир бара пайде и хьал дикачу дерзо, махкара дарбан цIенош луларчу мехкашкахьчул оьшуш ца хилийта? Иштта дара хаттар.

Цкъа цхьа шераш хьалха Оьрсийчоьно, дуьненах масал оьцуш, юкъаяьхна медицинан полисаш, амма иза т1оьхула д1а кеп бен а яц, мехаза деш х1умма адац бахойн могашалла тоеш лоьраша, боху Хазмана.

Розина хетарехь, медицина мезаха хилар моттарг1анехь а кхобуш, 1едало шен низамашкахь ца лору иза йорах. Цу кийтарлонах нах кхета беза, царна хаа деза шайн аьттонна дина х1умма а доцийла, боху цо.

Шен доьзалехь цомгушнаш а бу, амма шайн аьтто болу лоьралла мехаза дайта. Шаьш т1елела лоьраш вуно дика а бу, дарба цара ахча а ца доьхуш а до, дийцира Зулайс.

Цивилан дуьненахь медицина мел тоелча а, иза Нохчийчохь хиндоцург ду, аьлла, тешна ву Ризван.

Гергало кхаба МР-ца. Вайн цхьаьна хилча кхача тарло дикане а!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG