ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмехь лаьцначо ша вац боху шпион


Аннекси йинчу ГIирмехь шпионалла лелош вара аьлла, Оьрсийчоьно лаьцначу украинахочо Сердюк Владимира харцдина ша терроран тохарш дан воллура бохург.

Деккъа цхьаъ бакъду, Украинан эскарехь ша иччархойн урхаллин декъехь эпсар хилар, амма ша эпсар-психолог а ву, шена шпионийн талламаш бан а ца хаьа, уьш бан а ца гIиртина, аьлла цо, Киеверчу «Громадське» телеканало дийцарехь. Оьрсийчоьно, ша украинахойн диверсантийн тоба лаьцна, иза ГIирмехь лелхийтарш дан йоллура, аьлла даржийра деношкахь.

Киево бакъ ца до иза. Вашингтонан а, Европан Бертан а векалша, шаьш а теллина Кремлан дIахьедар, шайна бух ца карабо, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG